ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

LinkedIn социалан маша дIакъовла сацам бина Роскомнадзор урхалло


Оьрсийчоь -- Мобилан телефонан куьзгано гойту LinkedIn-ан лого Петарбух, ГIад.26, 2016
Оьрсийчоь -- Мобилан телефонан куьзгано гойту LinkedIn-ан лого Петарбух, ГIад.26, 2016

LinkedIn (Линкдин) олучу социалан машанна блок хIоттор тIедиллина зIенан операторшна Оьросийчоьнан "Роскомнадзор" урхалло. Иза доьзна ду суьдо цу тайпа сацам барца.

Лахьан-беттан 10-чу дийнахь Москох гIалин суьдо низамца догIуш лерина Москохарчу "Таганский" суьдо LinkedIn дIачIагIа аьлла Товбеца-баттахь бина сацам.

Хьалхо "Роскомнадзоран" векалша дIахьедар динера, LinkedIn дIачIагIийта дагахь ду шаьш, Оьрсийчоьнан бахархойх лаьцна инеформаци цIахь латто еза аьлла долу низам цо дохош хиларна аьлла.

LinkedIn – социалан маша бу, болх лаха а, иза лохуш нахана вовшашца зIе латтон аьтто беш болу. Карарчу хенахь цунах пайда оьцуш ву 400 миллион стаг. Уьш бу 200 пачхьалкхара 150 бизнесан декъан векалш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG