ТIекхочийла долу линкаш

Германехь тховкIело ехна цигарчу НАТО-он базехь гIуллакх дечу туркойн эскархоша


Германи -- Рамштейнера авиабазина чувоьду меттиг, Лахь. 6, 2013

Германи -- Рамштейнера авиабазина чувоьду меттиг, Лахь. 6, 2013

Германерчу Рамштайн гIалахь НАТО-н авиабазехь гIуллакх дечу масийтта туркойн эпсаро дехар дина Германин Iедалшка, шайна политикан тховкIело лахьара аьлла. Цу эскархоша дийцарехь, бахьана ду Туркойчохь кху шарахь Товбеца-баттахь Iедал карчо гIоьртинчул тIаьхьа цу махкахь хIоьттина политикан хьал.

Германерчу SWR телеканало бинчу хаамца, Рамштайнехь дIатарбина бу 40 гергга туркойн эскархойн доьзал. Царах маса стага политикан тховкIело ехна немцошка билггала дуьйцуш дац.

XS
SM
MD
LG