ТIекхочийла долу линкаш


АБДУЛАЕВ Леча

Йоккха стаг

Цул гIийла хIума дацара.
КетIахь иза хиъна Iачу
тIулгал шийла
ХIума дацара.
Цуьнан куьйган тIедийлинчу
пхенел сийна
хIума дацара.
Попан, ножан тIедийлинчу
орамел уьш

бIаьрла дара.
Цул цхьалха хIума дацара.
Стигла кхевдда тхов болушшехь,
говраш хахкал керт йолушшехь,
цул къиэн а
хIума дацара.
Вуонах ведда воI а вахна,
бухайисна, –
бахарх наха…
тIаьхьайисна яра нана…
Цул тIаьхьадисна
хIума дацара!

Абдулаев Леча

Леча Шарипович Абдулаев (1953, Чиллан-беттан 15 - гIа де ) — нохчийн яздархо, поэт, публицист, гочдархо, Нохчийн Республикан а, Оьрсийчоьнан а яздархойн Кхеташонан декъашхо, Нохчийн Республикан а, ОЬрсийчоьнан журналистийн Бертан декъашхо, Нохчийн Республикан Халкъан поэт.

XS
SM
MD
LG