ТIекхочийла долу линкаш

Обамас а, Европан лидерша а Берлинехь йийцаре йийр ю Оьрсийчоьнна кхайкхийна санкцеш


Германи -- Обама Барак тIеоьцуш ю Меркел Ангела, Берлин, Лахь. 17, 2016

Германи -- Обама Барак тIеоьцуш ю Меркел Ангела, Берлин, Лахь. 17, 2016

Цхьаьнакхетта Европо бина барт боха мегаш бу аьлла, дIахьедар дина Францин арахьарчу гIуллакхийн министро Валс Мануэла. Еарин дийнахь Берлинехь вистхуьлуш, цо кхайкхам бира Европан керла проекташ ян еза аьлла, Германин а, Францин а позицеш чIагIъяран бух тIехь.

Еарин дийнахь Германин канцлеро Меркел Ангелас белхан цхьанакхетар дIадаьхьна цу пачхьалкхехь визитаца волчу Iамеркан президентаца Обама Баракаца.

Reuters агенталло дийцарехь, 2017-чу шеран Дечкен-баттахь шен дарж дуьтуш волчу Обамас а, Германин а, Британин а, Францин а, Италин а, Испанин а лидерша а дийцаре дийр ду Оьрсийчоьнна дуьхьал кхайкхийна санкцеш кхин дIа а йитарх лаьцна хаттар.

Берлинехь чIагIйина кхерамазалла. Iамеркан лидер ларван араваьккхина ву 5 эзар полисхо.

XS
SM
MD
LG