ТIекхочийла долу линкаш


ЮсуповИбрахIим. КIайн ойла
(Дуриев Рамзане)

Мокха ойла ас мархашка хохку.
Сийна ойла Iалац доцчохь хи.
Iаьржа ойла ю сан латта охкуш.
КIайн ойла ю шуьца, доттагIий.

КIайн ойла ю доккхуш денна заза.
Латор бу цо, кIентий, мерза стом.
Чомана а хир бу мазал мерза,
Маьлхан басахь догуш гIоргIа чкъор.

Кхоьру, вайна юккъе херо йоьлла,
Шун бехкенна, сан бехкенна я,
Заза лаьтта дужуш, сан кIайн ойла,
Стом ца латош, Iахар йисарна…

XS
SM
MD
LG