ТIекхочийла долу линкаш


Девеше...
Юсупов ИбрахIим


Гина вац хьо дийна волуш суна,
Я ца девза ахь даьхна хьуьнарш.
Аш, бIаьхоша, маршо яккха тхуна,
Лардина вайн мехкан латтанаш.

Яийтира Даймахко повестка,
Шен могIаршка кхойкхуш гIуллакх дан.
«Нана, ахьа са ма гатде, кестта
Воьрзур ву со толамца вайн цIа», —

Уьш дара хьан тIаьххьарлера дешнаш…
ТIом дIабаьлла яьлла дуккха хан.
Оцу тIамо алсамдехи кешнаш,
Чевнаш йи цо нанойн дегнашна.

ТIамо витац, хиларх цхьанхьа доьшуш,
Къестабац поэташ, артисташ.
Хиларх нана хьан цIахь хьоьга хьоьжуш,
Дог сацош, цо кийра дутту даш…

Машаре бу стиглахь хIора седа,
Беттан серло дебон гIерта тхи…
И тхи дуй-те, шу дIахьовсош, хIетахь
Наной бIаьргех дийлла долу хи…

Хоттане, 1975 шеран июнь беттан 22 де

XS
SM
MD
LG