ТIекхочийла долу линкаш


Айдамиров Абузар
СО ВОЛЧЧОХЬ…


Цхьаъ-цхьалха хьуо йисча, хьайн шерийн сонехь,
Суьйренан йозалло логашад лаьцна…
Сох тешна цхьа ойла тlам шера йиснехь,
Хьоь тийса са долчу -
Со волччу йола!

Хилладерг — хилла ду, цамоьттург — хилла,
И сийна стигланаш бахьанех йозу.
Гlад-амал карчале лааман тхишла,
Хьуо хьеста суй болчу -
Со волччохь хала!
Массара лоьху ирс хьо лехна яьлча,
Массо а кхочучу гlайгlане кхаьчча…
Дуткъделла са дахьаш схьайола сихха:
Хьайх хиета къа долчу -
Со волччохь елха!

Оьмаран терахьаш жамlашна къарлуш,
Даг тlера дужуш ду бlаьстенан зезаг…
Дегаза дахаран бlаьра ца хьоьжуш, -
Хьуо декъалъян луъчу -
Со волччохь яха!

Айдамиров Абузар

Айдамиров, Абузар вина 1933 шарахь Нажи-Юьртан кӀоштерчу Мескитахь, ахархочун доьзалехь. Юьхьанцара школа шайн юьртахь чекхъяьккхина цо. Жимчохь дӀаболабелла Айдамировн къинхьегаме некъ. 1957 шарахь Мескитарчу школе нохчийн меттан, литературан, историн хьехархочун балха вахийтира иза. Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан хьехархойн институтан историко-филологически факультет чекхъяьккхира цо 1963 шарахь шарахь. Дуьххьарлера цо язъина байт «Лермонтовн безамна» зорбане елира 1956 шарахь «Винчу лаьмнашкахь» цӀе йолу жайнийн тӀехь зорба тоьхна ю байташ: «Даймохк», «Винчу лаьмнашкахь», «Бералла», «Ясин тогӀехь», «Ненан мотт», «ХӀай, буьйса», «Бехк ма билла», дуккха а кхиерш а. Цо язъина цхьайолу стихаш халкъан эшаршка йирзина, масала: «Винчу лаьмнашкахь», «Ӏаьржа буьйса», «Езачу йоӀе», «Воккхачу стеган илли», «Хьайна лаахь», «Даймохк» иштта кхин а. Абузар кхелхина 2005 шеран 27 майхь.

XS
SM
MD
LG