ТIекхочийла долу линкаш

Айдамиров Абузар


Л.П.
— Со хьуна йоьгlна яц,
Вайн кхоллам ийна бац…
— Цахиндерг къора ду,
Со цунна къера ву.

Йоьгlна хьо ца хилча,
Кхоллам цхьаъ ца хилча,
Сан гlенан гlевланга
Хьо хlунда хlуьтту?

Хlунда бу хьан ши бlаьрг,
Бlаьрхих буьззина?
Хlунда ду хьан ши куьг
Соьга схьакхевдина?

Кийрара и сан дог
Болатах дина дац.
Ахь юха lехадахь,
Ца эккхал чlогlа дац.

Айдамиров Абузар

Айдамиров, Абузар вина 1933 шарахь Нажи-Юьртан кӀоштерчу Мескитахь, ахархочун доьзалехь. Юьхьанцара школа шайн юьртахь чекхъяьккхина цо. Жимчохь дӀаболабелла Айдамировн къинхьегаме некъ. 1957 шарахь Мескитарчу школе нохчийн меттан, литературан, историн хьехархочун балха вахийтира иза. Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан хьехархойн институтан историко-филологически факультет чекхъяьккхира цо 1963 шарахь шарахь. Дуьххьарлера цо язъина байт «Лермонтовн безамна» зорбане елира 1956 шарахь «Винчу лаьмнашкахь» цӀе йолу жайнийн тӀехь зорба тоьхна ю байташ: «Даймохк», «Винчу лаьмнашкахь», «Бералла», «Ясин тогӀехь», «Ненан мотт», «ХӀай, буьйса», «Бехк ма билла», дуккха а кхиерш а. Цо язъина цхьайолу стихаш халкъан эшаршка йирзина, масала: «Винчу лаьмнашкахь», «Ӏаьржа буьйса», «Езачу йоӀе», «Воккхачу стеган илли», «Хьайна лаахь», «Даймохк» иштта кхин а. Абузар кхелхина 2005 шеран 27 майхь.

XS
SM
MD
LG