ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Айдамиров Абузар. Хьоьга


Айдамиров Абузар. Хьоьга


Нисса шо кхаьчнера
Суна хьо еза,
Хьоь болу безам ас
Сайн дагчохь къуьйлу.
Яйнера мерза наб,
Байнера синтем,
Дог дара диллина
Безамо Iуьйшуш.

Хийлазза вогIура
Хьо йолчу агIор,
Сайн дагца чIагIо йой
ЦIенна дIадийца.
Хийлазза вирзира
Ца дуьйцуш хьоьга,
Кхоьрура хиларна
Хиллариг хIинца.

Амма ницкъ бацара
Кхин дIа садетта,
Бовхачу безамо
Боттура кийра.
Дийцира сайн ницкъал
Безам а тоьлла
Кхоьррушехь хетарна
Хьан дагна хийра.

Ахь лехахь куц хаза,
Дац иза соьца,
Яц соьца куралла,
Кочалла яьсса.
Ткъа сан дог къайлехь ду
И хьуна довзац,
Амма хьо тешалахь:
Дац иза даьсса.

Массаьрца хьанал ву,
Шалха мотт боцуш.
Дог ду сан тешаме
Харцо ца езаш.
ЧIагIо ю ас йина
Йохалур йоцуш,
Дуьненчохь хан яккха
Халкъана вецаш.

И ойла кхочушъеш
Къахьега деза,
Ирс кара ца догIу
ДIа ка ма туьххи,
Дуккха а ирхонаш
Яха сан деза,
Амма со соцур вац,
КIадваларх воьхна.

Цундела хиндолчу
Дахаран новкъахь,
Везара дог эца
Тешаме накъост.
Соьца ирс, ткъа нислахь
Халонаш екъа,
Хилахьа доттагIа
Цкъа а ца къаста.

Даггарчу безаман
ХIу дийнчу арахь,
Лен доцчу зезагийн
Хазалла иэшац.
Сох тешна дахаран
Новкъа хьо ялахь
Хьо дохко ер яцарх
Хилахьа тешаш.

Кхетац хьо, кхетац хьо
Сан дагахь долчух,
Я тешац даггара
Дуьйцучух хьайга.
Ницкъ хилча, дависарг,
Кийра дIабелла,
Хьо езаш догу дог
Хьоьга дIагайта!

XS
SM
MD
LG