ТIекхочийла долу линкаш

Юсупов ИбрахIим. Кхерстанчах дIатесна шен можа мохк...


Юсупов ИбрахIим

****

Кхерстанчах дIатесна шен можа мохк,
Четара гIаш Iенош, дIайоьду гуьйре.
Вайшиннан безамах хьаьрчина дохк,
Шелъелла марзонаш ца йоьрзу уьйре.

Сайн аьтто мел бели хьан бIаьрхи ган,

Варий со-м месашлахь тIекхеташ кIайн чо.
Сан дагна Iеткъахь а Iодикъяр хьан,
ГIайгIанах ца йоьтти хьан ойла сайнчо.

Ца хаьа, муьлха ду вайшиннах харц,
Хуушехь гIалатло хьаьнгара яьлла.
Я хьалхалерраниг вайший а дац?
Цундела ши кхоллам галморзах баьлла?

Йиш хаьлла кхойкхучохь сатийсам — буо,
Хьо хьайнна йиси, ткъа иштта со — сайнна…

Синошна хаало къастаран хIуо,
Безаман шелделла садеIар санна…

XS
SM
MD
LG