ТIекхочийла долу линкаш


Мамакаев Мохьмад

****
Сан деган назманаш, ма Iехка шу йийший,
Ма Iехка чена кIел, терхи тIехь цхарйолий,
ГIовтталаш, аз айдай, вочунна дIовш хилий!
Кху халчу некъашкахь бакъдолчун еш гIоле.
Дог цIенчу ойланца яхалаш халкъана,
Сан халкъан мостагIчун садукъдеш хьовзалаш,
Диканна гIеттинчун маттаца лиэпалаш, –
Екалаш паргIатчу жаIуьнан шедагах.

Мамакаев Мохьмад ­ - нохчийн яздархо а, поэт а вара. Иза вина 1910--шеран шеран гIуран-беттан 16-чу дийнахь ТIехьа-Мартанехь. Цо чекхъяьккхира Малхбале къинхьегамхойн Коммунистан университет а, Лаккхара литературан курсаш а Москох.1931-чу шарахь иза хIоьттира “Грозненский рабочий” газетан редакторан когаметтаниг. 1937-чу шарахь иза чувоьллира Соьлж-ГIаларчу набахте. Жимма хан яьлча, арахийцира, ткъа 1940-чу шарахь иза юха а чувоьллира Элистахь волчу хенахь. 1956-гIа шо тIекхаччалц иза Гулагехь вара. Халачу хьелашкахь волушшехь, кхоллараллан болх дIа ца тесира цо Гулагехь. 1955 – 1958 шерашкахь Алма-Атахь нохчийн маттахь арадолуш хиллачу «Къинхьегаман байракх» газета агIонаш тIехь зорбатоьхна Мамакаев Мохьмадан Iилбаседехь язйина цхьайолу стихаш. Даймахка цIавирзинчул тIаьхьа, Мамакаев Мохьмада 1962 шарахь дуьйна шен дахаран тIаьххьара де тIекхаччалц "Орга" альманахан редакторан болх бина. Мамакаев Мохьмад дахаран некъ хедира 1973 шеран марсхьокху-беттан 17-чу дийнахь.

КХИН А
XS
SM
MD
LG