ТIекхочийла долу линкаш

Телевизионехула дуьйцучух теша 90% Оьрсийчура бахархой


Беларуси -- Оьрсийчоьнан пропагандана дуьхьал Флешмоб (Сихонца гулбалар) (Flashmob), Минск, 31ГIад.2016

Беларуси -- Оьрсийчоьнан пропагандана дуьхьал Флешмоб (Сихонца гулбалар) (Flashmob), Минск, 31ГIад.2016

60 % Оьрсийчоьнан бахархой интернетехь цензура хила еза аьлла хеташ бу. Цунна дуьхьал бу 25 %. Иза гойтуш ду Левада-центро биначу талламан жамаш.

Цу талламца а догIуш, хIора шолгIа вахархо шеко йолуш ву тIейогIучу хенахь интернет хиларна газеташ а, радио а, телевизион а дIаера ю бохучух. КхоалгIа дакъа иза хир ду аьлла тешна ду.

73 % респонденташна хетарехь, интернетера информаци теша мегар долуш ю. 10 % нах ца теша цуьнах. Оьрсийчура хьал дуьйцуш коьртачу телеканалаша яржочу информацех теша 90 % Оьрсийчура бахархой.

Левада-Центро шен таллам бина ГIадужу-бутт чекхболуш.

XS
SM
MD
LG