ТIекхочийла долу линкаш

Даймахкахь тIех цец хIума а ца хета вайна, ваьш санначу нохчочуьнца хьан-сан лелош. Амма Малхбузехь я Малхбалехь, Iамеркахь я Азехь, нехан махкахь, гIалахь вайнехан стаг нисвелча, цуьнца вешица, йишица санна тIекаре, юкъарло дезаш лела вай. Ткъа ца хуьлу сакхт доцуш а...

Иштта ду нохчийн шайна тIе дуьххьара мухIажиралла доьжначу I9-чу бIешарера дуьйна схьа. Ду оьздачу нехан оьздачу нахаца-м.

Кху деношкахь тIаьхьий-хьалхий Белгерчу Вервьехь а, Германерчу Зенфтенбергехь а нохчаша вовший хIаллакбаро Iадийна бухара бахархой, цецбаьхна вайнах.

Белгехь школехь шайн ши бер латар луьстуш, вовшийн карх, уьрсаш диттина, велла ши нохчо. Иза муха нисделлера дуьйцу белларш бевзаш хиллачу Белгерчу вахархочо. Къамел эбинчу меттанашкахь делахь а, хилларг хаархьама ладугIур вай.

Белгера нохчо: «ГIала ю Бельгехь Вервье, цигахь дукха нохчий бу Iаш. Хилларг хIун ду аьлча, дийнахь бераш школера дешна довлуш, наной дуьхьалбоьлху, схьадаладо бераш. Цхьа котаръюьртахо еана кIентана тIаьхьа. Хиина школехь шенчух кхин бер, нохчийн кIант, леттийла. Нана и бер а эцна цIаеана. ЦIахь майрачуьннна хаийтина, бераш вовшахлетта аьлла.

Вуьйш Итум-Кхаьллара бу. Кьтаръюьртахо веана итумкхаьллахо волчу юкъаметтиг къасто. Да цIахь ца хилла, веанчо бухарчу беранна йиттина, дIавахана. Кхано йиттинчу беран да балхара цIакхаьчна. Зудчо хилларг дIадийцина, майра котаръюьртахо волчу вахана. Цунна гергахь Iаш ву цуьнан шалавина ваша а. Чувеана иза кхаьрга, несо дийцина цIийнда стенга вахана. Вешина тIахьа вахана важа.

Ваша а кхочу котаръюьртахо волчу, го вийна Iуьллуш шен ваша, урс карахь бухарниг. Лета иза шиъ, урс схьа а доккхий, ваша вийнарг вуьй цо. Иштта шиъ велла, яккхий чевнаш а йолуш, кхоалгIаниг дарбан цIийне кхаьчна.

Иштта ю-кх оцу Iовдалаллин тIаьхьало. Шортта бераш ду веллачу шиннан а. Иза хIун ду? Беран нана Iад1ийнехь, шен майра а вевзаш, кегий бара уьш-м, хуьлуш хила аьлла, хIумма а нислур дацара».

Иштта ду Белгерчу Верьехь нохчийн вовшийн крах баларх, эгарх хууш дуьйцург. Оцо Iадийна вай, иза дийцина а довлале, иштта бохам беана Германерчу нохчийн доьзале. Зенфтенбергехь, шайн жима пхи бер дижина а Iаш, дов эккхийнчу майрачо Даудов Рашида цкъа корах аракхоьссина шен зуда Луиза. БархI метр лакхара охьайоьжча ялаза йисинчу зудчунна лахахь тIе а кхиина, урс хьакхна йийна иза. И нах бевзинчара майрачун хьогIо дина боху зулам.

Амма Хьалха-Мартанахь ша веха, хиллачун ша теш вацара аьлла доцуш, зуда йийначун вашас Даудов Шарпуддис Нохчийчохь шен кепехь, вешин агIо а лоцуш, дуьйцу Германехь хилларг. Цунна доккхачу декъанна цигара лоьраш а, цара вешина лелийна молханаш а хета бехке.

Даудов: "Иттех де хьалха телефонехула къамелехь, цомгуш а хилла, са а ца тохаделла, хIусамнанас ша дарбан цIийне вигира, бохура вашас. Лоьраша мехий а диттина шолгIачу дийнахь ц1авалийна. Зудчо хаамбира, мехий диттинчул тIаьхьа дика вац иза аьлла. ТIаьхьо сан къамел хилира вешица, цо ден къамел коьртаца телхинчу адаман санна дара.

ХIинца хIара хилла. Тхан несана ала хIума дац, оьзда, гIиллакхе стаг яра. Тхан стаг шен коьртаца галвалар ду цигахь хилларг".

Маршо Радио теш яц хиллачун, ца кхуллу цо хиллачу зуламийн, бехке мила ву я вац боху сурт. Бохам бу хилларг, хьакхало иза дерриг а къомах а.

Масална ала, оьрсийн дуккхаъчу хаамийн гIирсаша баккхий а беш санна яздо кху муьрехь, уьрсаш вовшашна деттарал совнаха, герзаш дуьйлуш а хезна довдаьллачохь, декъалоцуш хилла лаххара а виъ стаг, бохуш.

Бакъдолчо хIумма а хилла зен дайдеш дацахь а, гуш ду нохчашлахь иккхина дов дестош дийца хьаьгна буйла Москох.

Видео: Германерчу цхьана школехь нохчийн мехкарша шаьш шайн къоман йоьIана етташ яьккхина машанашкахула яржийна хIара кийсак.

Дуьххьара дац Белгехь а, Германехь нохчаша вовшийн хIаллакбар. Церан могIара дара лурчах Австрехь, Венин цхьана доккхачу урамехь нисделларг а. Юкъахь ши йоI а йолуш, хьалхо ша йитинчу зудчунна а, тIаккха шена а тапча йиттина велира Аслан цIейолу нохчо. Дуьххьара цIий Iаьнначу меттигна тIенисвелларг хиллера зудчо кхечунхьа вина I9 шо долу жима стаг. 40 шо кхачаза дара делла ший а.

Кху деношкахь иккхинчу шина ирчачу бохамах лаьцна дуккъа а дуьйцу Европехь а, цIахь Нохчийчохь а. Мел мухха а нисделлехь а, пана махкахь вехарг ваха вуьсу. Амма лилхинчу бохамаша гойту гIиллакх, оьздангалла, вовшашка ларам доккха антдаьлла.

Иштаниг нисделча орцахбовлий, оьшучохь маслаIатдан, оьшучохь дакъа даймахка дIахьажош гIолоцуш хьаьвза Европерчу нохчийн къанойн кхеташо.

Цуьнан куьйгалхочуьнца Докудаев Ахьмадца къамелдира Маршо Радионо, лиира и тайпа бохамаш кхин тIе а ца лелхийтархьама, иза вист хуьлийла. Ахьмад а, кхеташонера важа къаной а вуно вас хилла бу цу хиламех.

Докудаев Ахьмад

Докудаев Ахьмад

Докудаев: "Нохчийн къоман амалца, гIиллакхца, оьздангаллица догIу х1уманаш дац. Гарехь, тIемаша бинчу тIеIаткъамаша хьередина-кх вайн адам. Амма кхарда мегар дац. Орцахвала веза хIора а иштаниг иккхича.

Белгехь хилларг тергонехь ду тхан, Цигарчу нахе хьал хоттуш а Iа. Кху Германехь хилларг а ду ирча сурт, цIийндас зуда ер. Цунна дакъа Нохчийчук дIахьажош арадевлла хьийза тхо.

Кху Iедалца гергарло а латтош, вовшашца бертахь хуьлу некъаш леха беза мух1ажирша, кхин некъ бац".

ХIун хилла те нохчийн къомах, цIахь вовшашца даладелла дерриг а вайн адам ду олийла дацахь а, махкал арабевлча мукъане а, шаьш цхьана жуларахь кIезиг хилча мукъане а ца магара вовшашца лараме хила.?Стенна кхардадо теша Европера адамаш вешах?

Докудаев Ахьмадал хьалха Европерчу къанойн кхеташонах жоп луш хиллачу, тахана Ахьмадца белшах белш а тоьхна, къахьоьгучу яздархочуьнца, публицистца Хачуев Сайд-Мохьмадца а хилира къамел.

Хачукаев: "Ирча кхаьънаш кхечи вайга массаьрга а.20 нохчийн бер тIехь да я нана йоцу диси. Гонаха мел верг а човхийна оцу шинхьарчу а бохамо.

Иштаниг нисделча, ма дика иза шех ца хьакхаделла бохуш, юьстах Iойла дац. Вешан адам кхетош хила веза хIора воккханиг, хьекъалениг. Доьзалшна, кегийрхошна, нохчийн диаспорашна вовшех марзо оьцу барамаш латто беза, вовшех Iемаш, марзо оьцуш хила беза вайн къоман нах Европехь.

Массанхьа а, даймахкал арахьа беха нохчий, дехар цхьаъ ду: барт байта вайна! Оцо бен кхиор яц марзо".

Хачукаев Сайд-Мохьмада ма-баххара, тIехь да воцуш, я нана йоцуш диси Европерчу нохчех кху деношкахь дуккха а бераш.

Шен кIант дукха везаш, цуьнан агIо лаца хIоьттинчохь, и кIант а вицвелла, шен сий тIамца лардан деза моьттина цхьана я шина а дена. Зуда ша йийча, цхьана сакхтах ца мукъаволу аьлла тусаделла хила тарло кхечунна. Адамах адам а дозалуш, доьзалх – доьзал, тайпанах - тайпа а хIотталуш, схьадогIу нохчийн къам.

Иза вовшийн карах далахIоттар а ду цунна шена. Ткъа мел дог лозу оцу хьолах Кремлехь я дуьненаюкъарчу хьукматашкахь – иза а гина, зийна ша нохчийн къомо. Цунах кхардар даржийна юха а иккхинчу бохамаша. Ткъа шаьш дех-дехачу меттигашкахь шайн къаношка ладоьгIча, Европерчу къанойн кхеташоно хьоьхург юьхьаръэцча?

Facebook Forum

XS
SM
MD
LG