ТIекхочийла долу линкаш

Нидерландийн векалшна хетарехь, 80 гергга ДАIИШ-ан агIонча ву Европехь тIелатарш дан кечвелла


Германи -- Al-Taqwa олучу маьждигана хьалха лаьтташ бу цу чохь талламаш бан баьхкина полисхой. ХIамбург (Hamburg), 15 Лахь. 2016

Германи -- Al-Taqwa олучу маьждигана хьалха лаьтташ бу цу чохь талламаш бан баьхкина полисхой. ХIамбург (Hamburg), 15 Лахь. 2016

60-80 ДАIИШ олучу тобан декъашхо теракташ кечйеш ву Европехь аьлла, хаам бина Associated Press агенталле Нидерландийн терроризмаца къийсам латторехула къоман координаторо Схов Дика.

Цо дийцарехь, цу наха кхайкхам бина шайн агIончашка, Шема а, Иракъе а тIаме а ца боьлхуш, Европехь боллушехь тIелетарш де аьлла.

Къайлахчу сервисаша бинчу хаамца, тIаьхьарчу эха шарахь Европера ДАIИШ-ан могIаршкахь тоIм бан баханчу нехан терахь алсам ца даьлла.

XS
SM
MD
LG