ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«Мухьаммад» филм Нохчийчохь гайтар дихкина меттигерчу муфтиято


Нохчийчоь -- Нохчийчура муфтий Межиев Салахь ву Кадыровна гIортор ечу митингехь вистхуьлуш. Соьлж-ГIала, Дечк. 22, 2016
Нохчийчоь -- Нохчийчура муфтий Межиев Салахь ву Кадыровна гIортор ечу митингехь вистхуьлуш. Соьлж-ГIала, Дечк. 22, 2016

Нохчийчоьнан муфтиято дихкина ГIажарийчура режиссеро Маджиди Маджида яьккхина Мухьаммад-Пайхамаран дахарх лаьцна «Мухьаммад» филм республикехь гайтар.

Оццу хенахь луларчу Дагестанехь иза гайтар къобал дина цигарчу диндайша.

Шаьш бина сацам боьзна бу Мухьаммадан сурташ гайттар дихкина хиларца аьлла, дIахьедар дина Нохчийчура муфтийс Межиев Салахьа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG