ТIекхочийла долу линкаш

Мариупол йолчу агIор "кадыровцаш" гучубевлла аьлла хета Украинан эскархошна


Украина -- Оьрсийчоьнехьа болчу сепаратисташна тIехIиттина Донецкехь тIом беш бара хIара Нохчийчура ницкъаллин структурашкара герзахой, ГIур. 8, 2014

Украина -- Оьрсийчоьнехьа болчу сепаратисташна тIехIиттина Донецкехь тIом беш бара хIара Нохчийчура ницкъаллин структурашкара герзахой, ГIур. 8, 2014

Нохчийчохь лелочу баьццаран байракхах бIаьргкхетта Украинан хIордан гIашсалтийн Оьрсийчоьнехьа болчу сепаратисташа Iуналла дечу Саханка эвлан йистехь. И меттиг ю Украинан Мариупол гIала йолчу агIор. Цунах лаьцна хаам бо Lastnews интернетан агенталло

Украинан эскархоша дийцарехь, царна гинарг Нохчийчохь дIатардинчу Оьрсийчоьнан эскаран декъан симбол хила а мега.

Оццу хенахь, сепаратисташа дIалаьцначу кIошташкахь бехачу наха социалан машанашкахь яздо, Донецкехь гучубевллачу Нохчийчура "Север" батальонера эскархойх лаьцна.

XS
SM
MD
LG