ТIекхочийла долу линкаш

Шеман Iедал реза дац дуьненаюкъараллан векало кховдийнарг тIелаца


Шема -- Шеман арахьарчу гIуллакхийн министр Муаллем Валид, 2016 шо.

Шема -- Шеман арахьарчу гIуллакхийн министр Муаллем Валид, 2016 шо.

Шеман Iедал кIирандийнахь реза ца хилла Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохаралло, Алеппон малхбалерчу кIошташна автономи лахьара, цигахь машар хIоттон аьлла, кховдийнаарг тIелаца.

Шеман арахьарчу гIуллакхийн министро Муаллем Валида дIахьедар дина, Алеппохь Iедалан институташ юхаметтахIитто езаш ю, малхбалерчу кIошташкара тIемалой лаьхкинчул тIаьхьа аьлла.

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан лерринчу векалца де Мистура Стеффанца шен хилла цхьаьнакхетар дIадирзича, Муаллем цхьана а дашца ца гайтира шаьш Алеппона деш долу тIелатар сацор хилар гойтуш. Шемо 275 эзар стаг вуьтур вац 6 эзар тIемалочьунан закъалтехь элира министро.

Де Мистурас цхьа а комментари йина яц ша Шемара юхавирзинчул тIаьхьа.

XS
SM
MD
LG