ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIиндойчохь некъан бохамехь беллачийн терахь кхуьуш ду


ХIиндойчуьрчу аьчкан некъан бохамехь беллачийн терахь лакхадаьлла. Буса сахиллалц гергаш бухара зен хилларш схьалоьхуш белхаш бинчул тIаьхьа, оршотдийнахь Iорадаьккхинчу терахьашца 142 стаг ву велларг. Шен некъатIера дIаяьллачу цIерпоштан 14 вагончуьра бохийначу нахалахь дийнаниш кароре дог дохийла а яц аьлла дIахьедо Франс Пресс агенталло.

КIирандийнахь Къилбаседа ХIиндойчуьрчу Уттар-Прадеш Штатехь хилла и некъхан бохам. Болчу хаамашца, цIерпоштчохь 2000 стаг хилла. Дукхахберш некъан билет доцуш боьлхуш хилла, цундела билггал хаа аьтто бац беллачийн терахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG