ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЙогIург схьалахь, лоьралла а дийр ду...


Интернет машанашкахь, официалан мел боцчу хаамийн гIирсашкахь а, могIарерчу наха шайлахь хIети а шуьйра бийцаре бо лоьрийн болх, вала воьжначу лазархочуьнга а, ур-атталла, цара токхамаш байтар, доцу сурт а хIиттош, массо тайпа молханаш эцийтар.

Дустар а далош, хIирийн мехкан а, Нохчийчоьнан а лоьрийн хьокъехь, шенний ган а гина, билггал шена хуучух дуьйцуш ю Теркйист кIоштера яхархо Маржан.

Мазалкан кIоштехь ехачу цуьнан йоьIан кIентан голана кху деношкахь операци йина Беслан гIалахь. Цо дийцарехь, хеназа цIийнда а велла, и байш кхобуш юй хиъча лоьраша, шаьш гIайгIа а бина даьккхина цунна маьхаза дарба лело бакъо луш долу квота олу кехат а.

«Связки» олу голан пхенаш хедда еш чолхе операци а хилла иза, схьахетарехь. Маржан ю дуьйцуш.

Маржан: «КIант гайта Беслане яхнера йоI лоьрашна тIе. Лоьро еза операци хиларна квота яккха еза аьлла. Ур-аттал иза а шайна тIелаьцна –кх хIирийн лоьраша. КIант, юкъара ца ваккха деша дIавахийтина Ростов гIала. Циггахь яхийтина цуьнга анализаш а. Берриге кечам бина баьлча схьакхайкхина.

КIант гайта яхар доцург и нана кхин яхна а яц цига. Кху беттан 2-чу дийнахь чувиллина лоьраша иза, шолгIачу диннахьехь этIийна. ХIинца чIогIа дика ву. Цхьа молха ца эцна-кх цара! Мукъа денош доллушехь ван а вогIуш лор хьожу боху. ПIераска дийнахь аравоккхуш ву».

Беслан гIаларчу хIирийн лоьрийн балхахь ма диццара шовкъе а, карзахе а дуьйцура Маржана нохчийн лоьрех а, амма йоккхачу гIайгIанца а, халахетарца а.

Маржан: «ХIинца оцу Беслан гIалахь болчу лоьрашца буста лаьа суна кхузарниш. Тхан вешин зудчун легашна операци йина гIалахь уггар ду бохучу дарбанан цIийнехь. ДогIуш долу ахча 14 эзар ду я 18 эзар ду хаац, дIаделла хьалххехь.

Операци а йина араяьккхина, «каталка» олучу ворданна тIехь схьаялош ю нус. Иза самаяьлла а яц. ТIаьххье араяьллачу лоьро мохь бетта "кхин а 5 эзар ахча догIу шуьгара» .

Мохь туххуш боху, цхьа хьулам а бац беш. Эхь а ца хеташ, ахча охьа-м тосийта. Сама йолу ца йолу а ма ца хаьа этIийнарг! «Верас мила ву кхин а 5 эзар догIу шуьгара! Мила ву хьалхара!», - бохуш моххьа-м эхара. Ва, везан Дела лазархо метта яллалц са а ца туху кхара-м бохуш Iий-кх со…»

Лоьрийн балхах дийцинчу Маржанна хетарехь Нохчийчохь жимачу берана а хаьа, цIена а, тешаме а хилла, дуйца чIагIонаш йина Дарбанан цIийнашкара цхьаболу белхахой ахча хьалха ца даьккхича лазархошка юха ца хьовсий.

Цунна моттарехь, дукха масалш ду лоьрашна бен дIа цахетарца, дог цалазарца доьзна могIарерчу нахе вон деъна.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG