ТIекхочийла долу линкаш

4 шо хьалха Волгоградан кIоштехь, шен доьзалца юртбахаман болх бечу Вагапов Асланбека, Светлоярск куьпан куьйгалхо Крутов Николай тапча йиттина вер - йоккха резонанс а йолуш хилла зулам дара.

40 сов шарахь оцу меттехь, даьхний а, аренаш а лелош, меттигерачу бахархошна белхан меттигаш а латтош ваьхначу цуьнгара и мел йолу бизнес дIаяьккха гIоьртинера Крутов Николай.

Ша а, Нохчийчохь тIом бинчу цо, нохчочунгара боцу мехах схьадаккха гIерташ хилла бIеннаш гектар йолу латта. И хIума лан ца делла, коррупционер, шен кабинет чохь тапча а йиттина вийнера Вагаповс.

Коррупционер иза хилла аьлла чIагIдеш олийла ду, хIунда аьлча, и бохам хиллачул а тIаьхьа, меттигерачу бахархоша шаьш а оьрсаша, ша верриг цец а воккхуш, агIо лаьцнера нохчочун.

Маршо Радино а дIаязбинера хIета цигара бахархой. ХIора а диканиг бен олуш вацара Вагапов Асланбеках, ткъа, цо вийначу Крутов Николайх цхьамма а дика дош ца элира, иза дуьненан хIуманех Iебар вацара бохуш. «Латта дезаш хилла иза, хIинца цуьнах Iабийна-кх иза Асланбека Юсуповича» бохуш, дуьйцура дуькхачара.

И гIуллакх кIоштан кхеле а делла, цигахь сацам бинера, бехке волу Вагапов Асланбек коьртаца цомгуш волу дела, эха шарахь дарбан хIусамехь латтор. Москохарчу Сербскин цIарахчу клинико, цуьнан могашаллна бинчу талламан жамI дара оцу сацамна кIелахь.

Эха шарахь дарба а дина, ша вехачу кIошта юхавирзинера Вагапов Асланбек. ХIинца, иза юха а дIалаьцна, цхьа а дуьйцуш бахьана а доцуш. Чохь валлош ву Москохарчу Бутырка набахтехь, ша цхьаъ латточу камера чохь. Дуьйцу цуьнан шичас Алмоханов Якъуба.

Алмоханов: «Шен стунвешица, иза машенан урхаллехь а волуш, цIавогIуш хилла иза. Астрахан кIоштехь, полицино саца а вина, юха а вигина, цигахь чувоьллина иза. Иза дарбан хIусаман чохь а валлина шина баттахь, чIогIа гIаролла а деш.

синкхетам,терапия,адвокат,Цул тIаьхьа, цуьнан могушаллина таллам бинчу Сербскин клиникехь юха а таллам а байтина, цара, шаьш хьалха бина сацам а хуьйцуш, «интенсиван терапи» ян еза цунна аьлла чувоьллина иза».

«Интенсиван терапи» бохург ду: коьртаца телхина нах болчохь латторал сов, цигахь цунна «дарбана» олий мехий а детташ, молханаш а милош, адам шен синкхетамера ваккхар.

Иза дан гIерта цунна тIехь. Иза ша дерриг догIуш ду аьлла хета Вагапов Асланбекан гергарчарна, Волгоградан кIоштан губернаторера Бочаров Андрейгара. Изза адвокатна а хета, бохуш кхин дIа а дийцира Алмоханов Якъуба.

Алмоханов: «Оцу адвоката а элира политикан бух болуш хIума ду иза. Губернаторера схьа ду иза. Цигара бахархоша, шаьш Iедална оьгIаз бахча, «шу Крутов санна дайа дезаш дара», олуш хилла.

Иза шена хезначу губернаторо аьлла, шен турпалхой лаьттахь бу, кхин турпалхо шена оьшуш вац кхузахь. Иза, схьагарехь низамхоша, жIалеш санна «тIекхета» боху омра санна тIеэцна».

Бочаров Андрей ши шо хьалха хIоьттина Волгоградан кIоштан дарже. Иза Нохчийчохь хьалхарчу тIамехь дакъалаьцна эпсар ву. «Оьрсийчоьнан турпалхо» седа а бу цуьнан. Иза дарже веъча доладелла Вагапов Асланбекан дуьхьала рогIера и дов.

Иштта, оцу кIоштехь керла губернатор веъча, меттигера политикан блогер Девяткин Андрей а чувоьллина, коьртаца цомгуш нах болчу дарбан хIусаме.

Шайн агIор, Вагапов Асланбекан гергара нах, и гIуллакх иштта дита лерина бац. Цара хIинцале кехат яздина, могушаллин а, чоьххьарчу гIуллакхийн а министаршка, йолийна йолу харцо сацаяхьара аьлла.

Цара дийцарехь, Светлоярскан кIоштан бахархой а бу, шаьш дечу арзна тIетовр болуш. Масех де хьалха, бIе туьма а дахьаш, меттигера йоккха стаг еана хилла, чохь валлочу Асланбекна кхин да гIо дацара шен, хIара схьаэцахьара аш аьлла.

XS
SM
MD
LG