ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Немцов Борис вер тергоне ца оьцу Оьрсийчоьнан Iедало


Москохарчу Москворецкан тIайтIехь политикна, оппозиционерна Немцов Борисна хIоттийначу хIолламна гонахара зезагаш, чIурамаш дIадаха баьхкинчу коммуналан белхахошна новкъарло ярна полисхоша дIалаьцна жигархо Фатов Надир. Бакъоларяран «ОВД-Инфо» портало бина и хаам. Дахначу шеран Чиллан-беттахь вийна Немцов.

Политик вийначу меттехь халкъо хIоллам бара хIоттийна. ХIетахь дуьйнна Iедало а, Кремалан агIончаша-жигархоша а мосийтазза хIаллакбинера иза, ткъа цунна ха ден бахархой полицино лоьцура.

Гезгамашин-баттахь Москоан мэри 30 эзар стага куьйгяздина дехар дахьийтира, оппозиционер вийначу тIайтIехь Немцовн цIарх цхьа билгало яйтахьара аьлла. Хьасташа дийцарехь, гIалин Iедалан лаам бац тергоне эца политик вер.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG