ТIекхочийла долу линкаш

ТIедогIучу Керлачу шеран дезачу деношкахь Европехь терроран тохарш дан кхерам хилар дIакхайкхийна Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн Iедало. Шайна тешамечу хьасташна тIе а тевжаш, Iамеркан пачхьалкхан департаменто хоуьйту «Исламан пачхьалкх» шайх олучу а, «Ал-Къайда» тобанаш Европан пачхьалкхашкахь террораш дан лерина хилар.

Транспорт тIехь, адамаш гулделлачохь, туристаш лелачу объекташкахь къаьсттина семахилар доьху шайн бахархошка Iамеркан куьйгалло.

XS
SM
MD
LG