ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан Думас даздийр дац Керла шо


Оьрсийчоьнан пачхьалкхан Думан депутаташа керлачу шарна лерина корпоратив кху шарахь ца хIотто бина сацам тIеэцна парламентан спикеро Володин Вячеслава аьлла, хаамбо РБК агенталло. Думан фракцийн векалша дIахьедина, спикеран хьесапна шаьш резахилар. «Пачхьалкхехь кризис а лаьтташ, харжаш еш, тойнаш хIиттор хьекъале дац» аьлла «Нийсонан Оьрсийчоь» партин депутато Шеин Олега.

Цул совнаха, тIечIагIйинчу ражца Думан депутатийн тIаьххьара кхеташо кху беттан 21-чу дийнахь дIахьур ю, шолгIачу дийнахь уьш декхаре бу кIошташкахуда дIаса а бекъабелла шайн харжамхошца белхаш боло. Депутатийн хан яц керлачу шеран барамашна кечамаш бан, аьлла яздо РБК агенталло.

ХIинццалц схьа депутаташа керлачу шарна даздарш дIахьора: иллеш олуш, хелхарш деш, социалан машанашкахь яржайора кхардаме цу барамера видеош..

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG