ТIекхочийла долу линкаш

Дериг даккха санна, юх-юха а Iедалан белхоша тIекхийлар кIорда а дина, махках буьйлуш, Европе дIаоьхурш дукха бу

«ЦIала цIула цIен кIархаш, денна йогIу пачхьалкхаш. Дала дайа шун амал, аш дайина тхан амал».

Нохчийн халкъан барта кхолларалин эшаран жанрера и могIанаш дагадохкуьйту тахана махкахь тергаллучу суьрто.

Стенна аьлча, кхузахь могIарера гIуллакх ду Iедалан векалша бахархойн духар а, маж-мекх биста кхаччалц церан сибташ а, лелар тидамехь латтор а, шайна галбевлла хета кегийрхой, "литта а луьттуш» кхетош- кхио цхьана билггалчу метте дIагулбар а.

Ма-дарра аьлча, цхьана низамехь, полисхойн болх, чIуг етташ жигара дIабоьдуш бу алийта Iалашо хIоттийча санна, хаддаза тIекхуьйлуш лаьтташ бу кхузахь кегий нах, хан йолуш а йоцуш зIенаш етташ, царна а, церан гергарчарна а беш болу тIеIаткъам боцуш.

Цу кепара къастам боцу, ладегIаме хьал кIорда а дой, нахе орца доьхий а, йоцчу таронах таро а йой, юх-юха дIабуьгуш, дIахоьцуш, сийсазбеш лело шайн доьзалхой Iа а, баха а Европе дIахьежош болу дай-наной дебахь бен лекъаш бац карарчу хенахь а.

Иштачех цхьа ю Гуьмсан кIоштера Халипат а.

Халипат: «Деллахь дIа-м вахийти оха кху Iедалан векалша, низамхоша виттане а вита а ца витина, тIекхойкхуш, кетIа хIуьттуш, телпош етташ. Бахьанаш шайна ма ттов хIиттадора. Амма коьрта бахьана, тIамехь велла воккхах волу ваша ву.

Вадавой дIавуьгу. ТIаьхьадахча схьаала а хIума а дац. Ас гIаддайна мохь а хьийкхира тIаьххьара дIавигча. Воккхахволу ваша вуьйш хIара 11 шо долуш бер ду. Кхунна хууш хIума а дац я хIара цхьана декъехь а вац. Кхуьнгара цхьаъ даккха гIерташ къа-м хьоьгу аш, бехира ас.

Цхьадика хIинца мукъабевр бу-кх уьш. 17 – чу дийнахь новкъа ваьллера иза, 20 –чу дийнахь цара иза тIе а леци-кх ! КIант, нус цIера а даьлла, тхох къаьстина тIаккха а со йоккехаеш ю-кх, кхара дог этIор даций цуьнан бохуш. Сан цхьа кIант дIавехьна тIамо, кху шолгIачунна а цхьаъ хилча соьга лалур дацара. Цундела ас и дIавахийти-кх. Шен рицкъ дерг лелор ду».

Ницкъаллин структураша шайн кIант, цхьа воккха зуламхо волчуха, кхойкхий дIавуьгуш, я кетIа хIуьттуш, хан йолуш а йоцуш зIе етташ, гуттар а тидам-тергонехь латтош, сагатдарх дийцина Халипат, цхьаъ бен воцу кIантах къастар халонга даьлла елахь а, доза а доцуш йоккхаеш яра Европе дIа а ккхаьчна цунна тховкIело яларх.

Цо чIагIдарца цу кепара махкахь низамхоша сингаттамехь латтош дукха кегийрхой а, церан цIераниш а бу. Халипата дийцарехь, цо ма аллара аьлчи «дIабаха» луурш, амма таро йоцурш дукхе дукха бу.

Ала дашна, лаа ду аьлла ца хета, карарчу хенахь Нохчийчохь «кIант дIавахна, йоI дIаяхна, доьзал дIабахна, дIабахарций дика а тIе а эцна» боху дешнаш, боккхачу айамца, даггара самукъадаларца хазош хилар.

Говзанчаша а билгал а доккхуш, жимма хьалхо «дIа, дIавоьду, дIавахна», боху кхетамаш вайнаха цIа воьду бохучу маьIнехь, беккъа цхьана Даймахкаца бузура.

Схьагарехь, цуьнан маьIна нисса бIостанехьа ала а тарлуш, шорлуш ду нохчашлахь.

И мел вон ду я мел дика ду? Цу хаттарна жоп карор а ю, гарехь, йоккха чолхалла.

Facebook Forum

XS
SM
MD
LG