ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Теркаца тIай ца хиларна шалхаяьлла еха Теркйист


Шина шарахь кхераме лерина, къевлина латтийна Новр, Теркйист кIошташ цхьаьнаюзу тIай дан долийна.

Шо кхочуш доллу мехкан Къилбаседа агIор аренца Iохкучу Новр, Теркйист кIошташ цхьаьнаюзуш долу, Ищери, ЧIулга-юрт ярташна юкъара тIай, тишдалар бахьнехь, говзанчаша кхераме ду аьлла, яккхийчу машенашна къевлина лаьтташ долу.

И бахьнехь хаза нехан санна къахьоьгу бахархоша.

Масала Теркйист кIоштан коьртачу эвлана ЧIуьлга юьртаний Новр кIоштерчу Новр гIаланий юкъахь 45-50 чакхарма бен некъ бац, цу тIе тIехула а ваьлла вахча.

Амма кхин оццул а шозза сов бахло некъ ХIирийн мехкан Мазалкехула го таса дезча, стенна аьлча, ЧIулга юьртара Мазалк гIала лаххаре а 40 чакхарма гена ю.

Кхузара Нохчийчоь Ставропол а, ХIирийн а мехкашца йозуш йолу Теркан тIехула керла тIай тилла долор чIогIа тайна бахархошна.

Нохчийчоьнан некъаш тодечу урхаллин маьхькIамхочо Джабраилов Iаьйндис хааме даккхарца 900 миллион сов мах болу тIай 2018 шарахь дина даккха дезаш ду.

Меттигерчу бахархошна хетачуьнга ладоьгIча, цара тайп-тайпана кхетадо, дукха хена дуьйна а "ледара ду, тешаме дац» бохуш, далхош долу и тIай то ца деш, я керланиг ца долош, таханлерчу дийне схьадалор.

Делахь а керла тIай дан белхаш дIаболорах кхаъ хилла могIарерчу нахана, къаьсттина яьккхийчу машенаш тIехь кира дIасакхехьарх болх-некъ бина хене бовлуш болчарна. Царех ву Новр кIоштера Мовлди.

Мовлди: «80 чакхарма го-м тосу оха, дика-м хир дара и сиха дина даьккхича. БIаьста шо-м кхочу тхо го туьйсуш лела. Нахана а гIуллакх хир дара. И совнаха беш болу некъ бахьнехь кибарчиг а, гIум а, жагIа а- ерриге яз ма елла.

ХIинца со ЧIулга - юьрта веънехь, циггахь некъаца, цхьана дуттийле юххехь машен а юьтий со дIавоьду, зIе ма тоьхханехь, хохкий жимачу машенахь схьавогIу. Новр кIошта веънехь оьцург валлалц цигахь а ишта цхьанхьа дIа а хIоттайой юьту йоьттина машен.

И тIай дарх тхуна кхаъ хилла чIогIа. 2020-чу шарахь бен тодийр дац бохуш хабар а мадара…»

Теркйист кIоштерчу йоккхачу машенан долахочунна Сайд-Эми хетарехь, ломан кIошташца юьстича даима а Iедалхой тергамза юьсуш аренца Теркаца йолу кIошташ.

И тIай бахьнехь наха ловчу халонашкийн бала кхочу хиллехь тоххарехь дина даьлла хила дезаш дара Ищерийний, ЧIулга-юьртаний юкъара тIай.

Сайд –Эми: «Деллахь нахехь и тIай бахьнехь хало яр-кх. Боккха го туьйсуш шо гергга ханна-м ели. И тIай доладар а хаза хета тхуна-м. Суна хетарехь дIо-о лаьмнашкахь и делхьара тоххара долийна а хир ма дара. Бакъдерг аьлча, цхьана шина шарахь бен дина дер дацца-м боху. Иза а ду-кх дика.»

Новр,Теркйист кIошташна юкъара тIай дан ца долийнехь а шайн дан хIумма а цахилар кхета а деш а, могIарера бахархой баккхийбеш бу цигахь белхаш дIаболийна.

Яьлларг дукха хан йоццушехь, хIинцале тIеоьзна, раьгIнаш а йина лаьтташ бу бен-бен гIирс: даккхий маштеш-галеш чохь цемант, арматура олу чкъураш, биргIанаш, мел оьшу техника..

Теркйист кIоштан ЧIулга юрт агIор Терка тIе кхаччалц диттех, коьллех, синтарех цIандина, шатайпа некъ баьккхина дIахIоттийна латта а.

XS
SM
MD
LG