ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийн кочалла кхоьхьучу хикеманаша Евробертан хиштIехула къайлах кеманан ягориг латтайо Шемин кеманашна аьлла, хаамбо Рейтерс агенталло, шен хьасташна тIе а тевжаш.

Оьрсийн байракхца мел лаххара а шина танкеро латтийна кеманашна ягорийг, Евросоюзан санкцешца цхьаьна ца догIуш, Кипрехула дехьа а бовлуш, аьлла дуьйцу Рейтерсе Евробертан талламан хьосто.

Ягорийг Шема кхачор цIеххьана кхиаме даьлла ГIадужу-баттахь аьлла дуьйцу, цIе ца яьккхинчу хьасташа. Кхечу гIирсаша дIахьедо, Шема кхачале Кипран, Желтойчоьнан хикеманаш совцучу меттигашкахь оьрсийн танкерш сецна хилар.

Оьрсийчоьнан транспортан, тIеман министраллаша комментареш оцу хьокъехь ца йина.

XS
SM
MD
LG