ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчохь рогIера къйисам болийна къаьркъанца. Иза духку туьканаш дIакъовлуш а, шишанаш кегдеш, малар Iенош рейдаш ю махкахь дIахьош.

Бутт сов хьалха Нохчийчохь маларца болийна къийсам, цхьананисбеллера, Абхазера Iедалан йоккха делегаци ярца.

Хьалха ваьлла оцу республикан вице-президент Габния Виталий а волуш, цара масех де даьккхира махкахь.

Шаьш бахкаран визитан лерина хIоттийна той царна тайна хилла, амма цара, шаьш цIадирзича билгалдаьккхинера, стоьлаш тIехь малар дацара аьлла.

Халахетарца а дацара иза, амма, схьагарехь уггаре а тидам тIебахийтинерг хилчу тера ду.

Оццу хенахь Нохчийчу еана хилла «Московский комсомолец» газетера корреспондент Мильчановска Елена.

Республикан хаьржинчу куьйгалхочун инаугурацех артикл кечъян еанчу цо, язйина Нохчийчоьнан дахарах.

Доккха дакъа ду цуьнан материалехь, махкахь Iедалша хIоттийначу дехкарех а.

Буьйсана, къайлахь малар духкучу туькана а яхна иза, шена бевзинчу нохчашца. Цара дехар а дина, цуьнга туька гIара ма яьккхалахь аьлла. Доцца дийцича, ма дарра дахар гайтина цо Нохчийчоьнан.

И артикл зорбане яьлчул тIаьхьа, махкахь юха а айбина, корт бахош малар духкучу туьканашца.

Оьрсийчоьнан муьлхачу регионан бакъо ю, малар дохкаран цхьа барам хадо. Ша дерриг дIадаккха бакъо яц.

Цундела, массийта шо хьалха малар духку туьканашка болх бойтуш бу дийнахь шина сахьтехь.

ХIинцалца оцу туьканаша дийнахь сарралц болх бора, дехкаршка а ца хьоьжуш. хIора туькано Iедалхошна кхаьанаш луш дара бохуш дуьйцуш дара.

Эха шарахь-500 эзар сом. Маларан хаттар дуьххьара айдеш дац Нохчийчохь. ХIора хийцалучу Iедалша иза доьхкура.

Ткъа, иза цIеххьана дича дика хира дац аьлла хета Соьлж-ГIалара вахархочун Мальсагов Абуна. Меллаша, юккъаралла дIа а юлуьйтуш юккъедаккха дезара и хIума, элира цо.

МалартIехь бизнес еш дукха нах бу

Мальсагов: «И хаттар атта дац ма хетта. Дуьххьара айдеш а дац иза. Цхьана дийнахь дIадаккхулар дац иза.

Хьалха, Советан заманахь пионер, комсомол олий кхиабора. Оцу малар тIехь бизнес еш дуккха а нах бу. Хьалха санна адамашна белхан меттигаш яц. Цундела оцу маларна тIехь бу нах».

Тахана, шаьш ма хиллара цхьайолу туьканаш Iуьйранна 8 сахьт даьлча схьайоьллуш, 10 сахьт даьлча дIакъовлуш болх бан йолаелла. Цул тIаьхьа, цара болх ца бо.

Цундела. Дуккха а маларчаш бIаьрг сара кхетча санна хьийза. Дуккха а нах спиртан а, дорах маларна тIебевла, аьлла кхин дIа а дуьйцу Мальсагов Абус.

Мальсагов: «Вайн мокх, хаза мохк бу. И малар ца хилча и туризм дIагIур яц. ГIебарта-Балкхархойн махкахь, масала, паргIат ду цуьнца доьзна гIуллакх. Цундела цигахь туристаш а бу. Ткъа, вайн цIIахь, малар доьхку, тIаккха наха спирташ а, и мел йолу диларш молу, дIовш а ца къестош».

Майрра, цхьаннах лачкъа а ца деш, корта бахон малар лелош йолу цхьа меттиг ю Нохчийчохь - «Грозный-сити» хьешан цIийнера ресторан.

Иза хьешашна аьлла кечйина ю. Амма боьлху цига нохчий а, шай таро ерриг.

Ткъа, иза йоцург, луларчу мехкашка воьду, дорах долу малар эца.

Цхьаболчара, луларчу мехкашкахь дача олий меттиг оьцу, паргIат шайна ма дезза иза мала.

Facebook Forum

XS
SM
MD
LG