ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Форбс" : "Миллер, Сечин, Греф - хьоладай"


Iамеркерчу «Форбс» журнало зорбане даьккхина ша хIора шарахь кечдеш долу уггаре а хьал долчу топ-менеджерийн тептар. Журнало хIоттийначу рейтингехь уггар лакхара алапа оьцучу топ-менеджерийн хьалхарчу могIарехь ву «Газпроман» куьйгалхо Миллер Алексей.

ШолгIа меттиг дIалоцу «Роснефтан» коьртехь волчу Сечин Игора. Журнало хадийначу мехаца, дахначу шарахь 17 миллион 700 эзар доллар ахча даьккхина Миллера. Ткъа Сечин Игорна 13 миллион доллар кхаьчна.

КхоалгIачу могIарехь ву Сбербанкан президент Греф Герман. Цо эцнарг 11 миллион ду. ХIора шарахь Форбс журнало хIотточу тептаршкахь кху шарахь 25 топ-менеджер ву.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG