ТIекхочийла долу линкаш

Евроберто Украинана 120 миллион евро дала тарло саммитехь


Евробарт-Украина саммит йолаелла Брюсселехь еарийдийнахь. Оцу форумехь дакъалоцуш ву Европан кхеташонан куьйгалхо Туск Доналд, Еврокомиссин президент Юнкер Жан-Клод, Украинан лидер Порошенко Петро а.

Пачхьалкхехь урхалла дарехь керлачу реформашна лерина Евроберто лур ду аьлла 104 миллион евро а, коррупцица къийсам латтон 15 миллион евро а Киевна далар чIагIдаре сатуьйсу оцу саммитехь.

XS
SM
MD
LG