ТIекхочийла долу линкаш

Хьаькамаш-академикаш даржашкара бохон Iалашо ю Путинан


Пачхьалкхан даржехь болу нах Iилманчийн могIаршка бийлар Оьрсийчохь доьхкуш ша дукха хан йоццуш дина къамел тергоне а ца оьцуш, Оьрсийчоьнан Iилманийн академерчу даржашка хIиттина Iедалан хьаькамаш шен структурашкара дIабохур бу аьлла Путин Вадимира.

«И тема айина юьйцучех ю. Президенто оцу хьокъехь шена хетарг довзийтина. Цуьнан дIахьедар тидаме эцна массо а хьакъйолчу урхаллаша» аьлла президентан пресс-секретара Песков Дмитрийс, даржашкара бохор буй хьаькамаш-академикаш аьлла шега деллачу хаттарна жоп луш.

Билгалдаккхаза дуьсу, маца, хIун бахьанашца дIабохур бу и нах балхара. Iилман Академин цхьана лаккхарчу даржхочо хьалхо хаийтира, Путинан бехкам Оьрсийсоьнан Iилман Академин бакъонийн гуламца догIуш дац аьлла.

Кхаарийдийнахь Путин Владимира дIахьедина лаккхарчу даржашкара академикаш хIиттина хьаькамаш ша балхара дIабохур хиларх.

XS
SM
MD
LG