ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIеман операци йирзина ГIалгIайчохь


ГIалгIайчуьрчу Назранехь тIемалойн тоба хааелла аьлла, еарийн Iуьйранна чолхечу хьолан раж кхайкхийна, йолийна лерина операци йирзина аьлла, хаамбо. Абадиевн цIарахчу урамерчу цIа чохь лечкъина хилла ши гIаттамхо, тIом ца беш каравар тIе ца дитарна, вийна.

Церан цIераш билгалъевлла, уьш бу дай, кIанттий ИлиевгIар. Кхийсарш ярехь вийна шиъ спецназан эскархо а. ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо хаам барца, гобинчу цIачуьра шайца цхьаьна хилла зуда араялийтина гIаттамхоша, ткъа бухависинчу цу шиммо дуьхьало йина.

Назранехь кхайкхийна хилла чолхечу хьолан раж дIаяьккхина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG