ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЭрдохIана кхерамаш туьйсу Евробертана


Нагахь санна Брюссело Анкараца лело политика саца ца яхь, шена дуьсуш ду мухIажиршна Европе боьду некъ схьабеллар аьлла Туркойчоьнан президенто Реджеп ЭрдохIана. ПIераскандийнахь Истамбулехь вистхуьлуш дина ЭрдохIана и дIахьедар, дуьйцу Рейтерс агенталло.

Туркойчоь Евроберта юкъаялорах дийцарш совцор доьхуш кхаьжнаш тесна Европарламентан дукхахболчу депутаташа.

И сацам хилла церан, аьхка Туркойчохь путч эккхийтарна бехкебечу нахана дуьхьал низамаш хьоьшуш репрессеш туркойн Iедало лелорна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG