ТIекхочийла долу линкаш

Литвиненкон валар теллинчу эксперто ша шена тоьхна


Литвиненко Александран цIийца полоний дIавш хилар гучудаьккхина британхойн медицинан эксперт, Оьрсийчуьра юхавирзинчул тIаьхьа пхи бутт баьлча вийна карийна. The Times газетано пIераскандийнахь бинчу хаамашца, 46 шо лолу Панчер Мэтью Стигалкъекъа-баттахь уьрсаца чевнаш ярна дукха цIий дIаихна велла карийна шен хIусамехь.

Панчеран дегIан талламаш бинчу паталогоанатомо дIахаийтина, цуьнан валарна бехке кхи а нах хиларх шек ву ша аьлла.

Ткъа лоьро даредарца, ша шена урс диттина Панчера. Британин хьасташа дийцарехь, Оксфордерчу коронера официалехь даржийна эксперт верах шена хетарг: ша шена тоьхна велла Панчер.

Итт шо хьалха Лондонан университетан колледжан дарбан цIийнехь велла 43 шо долу, Малхбузе ведда веана ФСБ-н эпсар, Оьрсийчоьнан Iедалан критик Литвиненко Александр. Лондонехь юкъаралло духе кхиарехь бинчу талламехь дIахьедира, тарло Литвиненко вер Путин Владимиран омрица хила, аьлла. Карара шо доладеллачу юьххьехь Британин Лаккхарчу кхелан хиллачу суьдхочо Оуэн Роберта хаийтира, Литвиненко верах талламийн жамIаш довзуьйтуш, ФСБ-н хиллачу эпсаро Луговой Андрейс Ковтун Дмитрийн гIоьнца вийна иза аьлла.

Лондонерчу «Миллениум» отелан бар чохь чайна чу тесна полоний -210 дIавш мелла велла Литвиненко.

XS
SM
MD
LG