ТIекхочийла долу линкаш

Европерчу пачхьалкхашкахь Iедалан урхалле Путинца озабезам болу нах кхочуш хиларо сингаттам кхуллу Малхбузерчу политикан гонашкахь. КесталгIа Францехь дIахьон болчу президентан харжамийн кандидат а ву Путинан доттагI Фийон Франсуа хила мегаш.

ТIедогIучу шарахь Францехь дIабахьа безачу президентийн харжамашка хиллачу кандидатех шиъ висина – Фийон Франсуай, Жюппе Алений.

И шиъ ший а яханчу хенахь цу мехкан урхаллин коьртехь хилла ву премьер-министрийн даржехь.

Бакъду, цу тIехь царна юккъера цхьатералла чекхйолуш ю, и шиъ ший а аьтто хьежамаш болчу республикахойн партин цIарах кандидат велахь а.

ХIунда аьлча, нагахь санна Жюппе Ален шен Оьрсийчоьнга болчу критикечу хьежамашца а, Евробертан цхьаалла ларйан езаш хетарца а вевзаш велахь, цуьнан коьрта дуьхьалонча Фийон шен Оьрсийчоьнан президентаца Путин Владимирца йолчу доттагIаллин уьйрех а, Евробертан Кремлаца йолчу позицина ша реза ца хилар а къайлахьош а вац.

Ткъа схьагучу суьртехь, юккъера Фийон республикахойн цIарах Францин Iедалера коьрта дарж къовсур долу кандидат хила мегаш а ву.

ХIунда аьлча, масех де хьалха шен эшарна къера а хилла президентийн харжамашкара Саркози Николя ара а волуш дIаяхьанчу хьалхарчу праймеризехь Фийонс толам баьккхина ца Iаш, пIераскан буса Францехь дIаяхьанчу цу шинна юккъехь хиллачу теледебаташкахь а вуно доккхачу терахьца туьйлира иза.

Меттигерчу Elabe цIе йолчу евзаш йолчу талламийн институто бинчу хеттамийн жамIашца, цу дебаташка хьовсуш хиллачех 71 процент наха шайн озабезам Фийонехь хилар хаийтинера, ткъа 28 процентой бен шайна цу къовсамехь тоьлларг Жюппе хета ца аьллера.

Теледебатийн чулацамах аьлча, кхеташ ма-хиллара, церан доккхах долу дакъа Францин чоьхьарчу проблемашца доьзна дара.

Бакъду, цхьа мехала дакъа Парижан арахьарчу политикана а лерира кандидаташа, уггаре а хьалха Францин а, йоллучу Малхбузенан а Оьрсийчоьнца йолчу юкъаметтигашна а, Шемахь а, Украинехь а долчу хьелашна а.

Кхузахь ала догIу, Кремлан куьйгаллица доттагIалла лелош волчу Фийонс карарчу хенахь Францино Оьрсийчоьнца дIахьош йолу политика абсурде ю алар.

Цунна хетарехь, Франци „оьрсашца дагадовларийн шуьне хаа еза, Цхьаьнатоьхначу Штаташка иза дан мегар дарий бохуш хетта а ца хоьттуш“.

Вуьшта, Оьрсийчоьнан позици кхин а радикале ерзар бен кхин пайда хир бац цунна дуьхьал санкцеш а, кхин йолу гIуданийн гIулчаш а яхарх. ГIирмина Оьрсийчоьно аннекси яр ша къобал ца дар цо довзийтинехь а, амма цу ахгIайренан проблема дуьненаюкъарчу бакъонашца Киевой, Москоханой къастон езаш ю элира цо.

Ткъа цул совнаха цо билгалдаьккхира, Минскера барт кхочушбар Оьрсийчоьнан декхар дина ца Iаш, Украинина а тIедилла дезаш хилар, цу хаттарна тIехь Малхбузено шалхаллечу стандартийн политика лелош хиларна нундохуш. „Европина бакъболу кхерам Оьрсийчуьра богIуш бац. Иза экономикан кхерам бу, Азера богIуш болу. Хьекъале дац Оьрсийчоь Азица герга яхийтар“, - элира цо.

Фийон Франсуа хилла ца Iа тIаьхьарчу хенахь Европерчу пачхьалкхашкахь Оьрсийчоьнца гергарло лоьху политик. Цуьнан санна хьежамаш болу политикан ницкъаш цхьа могIа Малхбузерчу пачхьалкхашкахь Iедалан коьрте кхаьчна, я кесталIга кхача сахьт долуш бу.

Иштта, масала, хьастагIа Болгарехь а, Молдовехь а дIабаьхьанчу президентийн харжамашкахь толам баьккхина Оьрсийчоьнца озабезам болчу кандидаташа.

Молдовехь иза Додон Игор вара, ткъа Болгарехь – Радев Румен вара. Цул совнаха, Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь президентийн харжамашкахь Трамп Доналд толаро а тоьллачех синхьаамаш а, сатийсамаш а кхоьллина Европерчу аьтто-радикале ницкъашлахь.

Иштта, масала, Австрехь гIура беттан деалгIачохь, аьлча а, иттех де даьлча дIабахьа безачу президентан харжамашкахь толам баккха сахьт дац меттигерчу аьтто-радикалечу Маьршачу партин векало Хофер Норберта.

Цуьнан парти а, иза ша а дукхахена дуьйна Кремлаца гергара юкъаметтигаш кхобуш ю, ткъа меттигерчу хаамийн гIирсашкахь кест-кеста дийцаре доккху, Маьршачу партин спонсорашна юккъехь Кремлан муьтIахь болу олигархаш а, банкхой а бу бохург.

Амма цхьа-цхьаццайолчу Европерчу пачхьалкхашкахь шайх журналисташа „Путинан доттагIий“ олу нах Iедалан коьрте бахкарх, Оьрсийчоьнна дуьхьал яьхна йолу санкцеш а, Оьрсийчоьнца карарчу хенахь Малхбузенан хIоттаелла юкъаметтигаш а цу хIумано хуьйцур яц аьлла хета политологна Асхабов Хьамзатна. ХIунда аьлча хIинца-хIинца бен и санкцеш шайн Iалашонашка кхача ца юьйлаелла.

Асхабов: „Болгарехь а, кхечанхьа а Оьрсийчоьнца гергарло дезаш, санкцеш пайденна яц, уьш Европина шена а зенехь ю аьлла хеташ болу нах бу Iедале баьхкина. Амма цхьа-цхьацца болчу нахах доьзна хIуммаъ дац цигахь.

Санкцеш дIаяха атта хир дац аьлла хета суна. Дукхахдерг Iамерках дозуш хир ду. Ткъа иза дечкен беттан 20-чохь Трам Доналда шен дарж караецначул тIаьхьа бен хуур дац“.

Цу юкъана Британерчу „Экономист“ журнало кху деношкахь зорбане яьккхина „Кремлан кисанахь“ аьлла нохчийн матте гочйан йиш йолчу цIарца Европехь Оьрсийчоьнца гергарло лоьхуш болу ницкъаш алсамох йолчу пачхьалкхех артикл.

Леринчу инфограцикца гойтучу пачхьалкхашлахь хьалхарчу меттехь Болгарий, Греций, Венгрий ю.

Facebook Forum

XS
SM
MD
LG