ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Академиках Кадыров Рамзанах хьакхалой Путина аьлларг?


Пачхьалкхан даржаш охьадахка шайна академикаш а хилла лела лаахь, аьлла Путина мехкийн дайшка а, полицин, ФСБ-н куьйгалхошка а, кхечу баккхийчу хьаькамашка а. Хьакхало иза академик ларалучу Кадыров Рамзанах, я иза вац президента буьйцучийн могIарахь, къастош бу хIинца Нохчийчоьнан куьйгалхочун го.

Путина и къамел, Оьрсийчоьнан Iилманийн академехь йоьдучу кхеташоне ша веъча дина. Цо дехха листира иза, академин куьйгалхочуьнца Фортов Владимирца юкъ-кара къовса а луш. Ша хьалха а ца аьллера шуьга, Iедалан дай я шайн даржашкахь хIайт-аьлла къахьоьгуш хила беза, я, академикаш язбеллехь, Iилманна чу а боьлла, шун могIаршка балхахIитта беза, тIевирзинера Путин Фортовна.

Шаьш академикийн могIаршка баьхна нах, хьаькамаш хиларал а совнаха, хьакъ бу Iилманехь къахьега, дара вукхуьнан жоп. Резавоцчу Путина ша хьолан ойла йийр юйла хаийтира.

КхидIа президенто ша Оьрсийчоь дуьненан Iилманийн центрийн тIегIане кхачо воллу бохура. И программа кхочушъеш йиллина, элира, контененташна а пайдейолу, тоьлла Iилманчех лаьтта 200 лаборатори. Лаам бу, бохура, цхьа хан хьалха махкара бевдда хьекъале нах цIехьа бало.

Академешка язбелла пачхьалкхан баккхий хьаькамаш бийца баьхча, хьакхало Путинан къамел Нохчийчоьнан куьйгалхо волчу Кадыров Рамзанах а. Хьакхало аьлча а, боху цхьаболучара, хьакхало. Кхечара ца хьакхало а боху.

Еарийдийнахь и хаттар Интерфаксо листира Кадыровн гонерчу, ша цIе ца йоккхуш вуьтучу цхьана хьаькамца. Оцу хьаькамо боху, шен шеф вац вогIуш Путина хьехийначийн декъа. Фортов Владимир коьртехь волу академи пачхьалкхан дакъа а долуш, Iедало декхаре а еш, Iилма кхиош схьайогIу, ткъа Кадыров Рамзанан ларамбеш, цунах академик винарг Iедалан структурашкахь а яц, иза цига а лелаш, къахьега тIедоьжна а вац.

Путина гIаттийна тема йийцарееш, луьсту Оьрсийчуьрчу интеллигенцино, хьан, стенна, муха, маца вира Кадыровх академик.

Академикан манти яхьаш шо гергга хьалха Соьлж-ГIала баьхкинчу Iаламан-дахаран академин (РАЕН) векалша шаьш иза Кадыровна белштIе уллу элира, Нохчийчоь хаза мохк бина дIахIотторна.

ХIетахь дуьйна баьхкинчу беттанашкахь дуккхаза а гIиттина нахалахь, официалехь а, могIархошлахь а, Кадыровна академикан манти йогIу я ца йогIу боху къамел.

Ткъа ша Кадыровс дийцира оцу хьокъехь дукха хан йоццуш шена ша «Оьрсийчоьнан юьхьIаьржо» ю аьллачу Красноярскерчу депутатна Сенченко Константинна жоп луш. (Юккъешхула аьлча, Сенченко-м дIасацийра сацо ницкъ боллучу Кадыровн агIончаша, делахь а, академикера шеггара хиира нахана долуш дерг). Шех академик вина-м итт шо а ду, я Iилманехь совваьлла аьлла а ца елла и цIе, мохк меттахIотторна елла, бохура Кадыровс.

Нохчийчоьнан муфти Iийна Кадыров Ахьмад мехкан да хIоттолц йолчу ханна, цуьнан воI Рамзан вацара доьшийлашка лелла аьлла хьахочаралахь. Путина дарже иза нисвале, 2004-чу шеран аьхке йоьрзуш, эцнера цуьнгара интервью дуьненна а евзачу Политковская Аннас.

Къамел иштта хиллера.

Политковская: Хьо дешна вуй? Кадыров: Ву, лаккхара юридикан дешар чекхдоккхуш ву. Экзаменаш луш ву. Политковская: Муьлханаш? Кадыров: Муха муьлханаш? Экзаменаш луш ву-кх. Политковская: Ахь йоккхуш йолу институт муьлханиг ю? Кадыров: Москохарчу бизнесан институтан филиал. Гуьмсехь. Юридикан аьлча а. Политковская: муьлха специализаци ю хьайниг? Кадыров: Юрист ву-кх со. Политковская: Ткъа диплом муьлхачу бакъонийн ду? Бехк-такхаман? Гражданан? Кадыров: Дицделла. Тема дIаязйина, амма йицъелла. ГIуллакхаш тIех дукха ду кху муьрехь.

Политковскаяга Кадыров Рамзана боху оцу интервьюхь ша йоккхушъерг Москохара бизнесан институт ю. Амма Кадыровн таханлерчу официалерчу биографехь боху, цо оццу 2004-чу шарахь чекхъяккхинарг Дагестанера бизнесан а, бакъонан а институт ю.

Тамаше ду, 4-чу, я 5-чу шаре а ваьлла, институт йоккхуш волчу стагна шен хинйолу корматалла муьлхарг ю цахаарал совнаха, ша йоккху институт муьлхарг ю а ца хаар.

Юьйцучу институтех яьккхинарг билггал муьлхарг ю кхеташ дацахь а, цигара чекх а валале, оццу 2004-чу шарахь Кадыровх Оьрсийчоьнан президентна гергарчу пачхьалкхан гIуллакхан академин ладогIархо хуьлу.

Академикан манти цунна еллачу 2006-чу шарахь ша юристан диплом схьаэцначу Дагестанерчу институтехь экономикан Iилманийн кандидат а волу Кадыров Рамзан. Оццу 2006-чу шарахь Нохчийчоьнан Iилманийн академехь ларамбеш академик а во цунах. Кхин а цхьа шо даьлча Карарчу Заманан гуманитаран академино а ло цунна «лараме академик» цIе.


Мел дешна, хаарша корта мел базбина веха Нохчийчоьнан администратор – и хаттар кхин маьIне а ца го Оьрсийчоьнан истеблишмент башхаллашкахь талла хIоьттича. Тахана ирделла дуьхьалхIоьттинарг кхин ду: мега я ца мега пачхьалкхан лаккхарчу даржехь Iачу хьаькамна Iилман да а хилла вазвала, академикан мантеш лехьош лела?

Путина ша иза тергонера доккхур доцийла хаийтина. Цундела яьржина нахалахь тахана шеко: бийр буй те Кадыровс харжам - академик санна, Iуьйранна ара а волуш, сарахь чу а воьдуш, цхьанхьа институте балха лела веза иза я хан-раж а йоцуш, даймохк цIанбеш, цIинбеш, хазбеш, ирсебеш мехкан ден дукъ дIатекхо деза.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG