ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

90 шо долу Кастро Фидел кхелхина


Дуьненаюкъарчу хаамийн гIирсаша Iорадаккхарца, эха бIешарахь Кубан куьйгаллехь лаьттина, революцин лидер Кастро Фидел велла. 2008-чу шарахь дуьйнна пачхьалкхан лаккхарчу даржехь волчу цуьнан вешо, меттигерчу телехьожийлехь кхайкхийна дуьххьара и хаам.

90 шо дара Кастро Фиделан. ПIераскана суьйранна кхелхина иза. Флорида штатера Кубан иммигранташ Майамин урамашка бевлла къобалбира и хаам. Царех дукхахберш тешна бу, Кубан коммунисташа шайгара дIабаьхна бахамаш, бизнес юхаебрзоре. USA Today газетано яздо, Кастро пачхьалкхан урхаллехь волчу шерашкахь дуьненахь зарратан тIом эккхарна кхерам бара, бохуш.

11 Iамеркан президентел а тIех ваьхна Кастро. Официалехь партин, пачхьалкхан даржаш дитина, урхалла шен жимахволчу 85 шо долчу веше кховдийнехь а, 1950-чу шерашкахь йолаеллачу «Кубан революцин» лидер ларалуш вара иза. Миллионашкахь агIончаш, иза лорушберш а бара Кастрон доллу дуьненахь. Оцу юкъанна дуккхаъчара шога диктатор а лорура иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG