ТIекхочийла долу линкаш

Муцураевн иллешка ладогIарна кхеле озийна нохчо


Социалан машанерчу ВКонтакте шен агIонтIе, 2014-чу шарахь Кемеровон кIоштан кхело экстримизмалле лерина, даржор дихкина бардан Муцураев Тимуран илли даьккхина Ерзанукаев Шемила. Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн хьукматаша хаамбарца, Ерзанукаевна гIуда догIу я административан лацар.

Муцураев Тимуран иллеш къобалдечарна Iедалан харцо хета, бардан иллешка ладегIар дехкар.

XS
SM
MD
LG