ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Францехь лаьцна тоба ДаIишца йоьзна хилла


Дахначу кIиранах Францехь лаьцна терроран тохарш дан кечам бен зуламхой «Исламан пачхьалкх» шех олучу тобанан буьйранца лелаш хилла аьлла, хаамбо Парижан прокуроро Моленс Франсуас. Старсбургерчу шеконехь лецначийн хIусамашкахь карийна Шемарчу а, Иракъерчу а исламисташа шифрашца кхехьийтина йозанаш.

Дахначу кIирандийнахь террорхошца къийсам дIахьочу операцешкахь Страсбургехь а, Марселехь а лаьцна 5 стаг. Талламчаша бакъдарехь, карабогIучу беттан хьалхарчу дийнахь Парижехь теракташ дан лерина хилла оцу тобанаша.

Церан Iалашонаш хилла иттанаш нах гуллу меттигаш, цаьрца цхьаьна Парижан Диснейленд, Елисейн майданаш а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG