ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Савченкос политикан карьера йолош ю


ТIеман гIуллакххочо, Украинан Лаккхарчу Радан депутато Савченко Надеждас шен лаамехь политикан карьера йолош ю. Телехьожийлехь цо дIахьедо, ша парти а, «Народный Рух Украины» юкъаралла акхолларх.

Тимошенко Юлин «Батьковщина» фракцин декъара яла лерина яц ша боху Савченкос. ДIабаьхьначу харжамашкахь набахтехь йолу Савченко харжамийн тептаран юьххьехь яра. Кхело бехкейора иза Малхбалерчу Украинехь оьрсийн журналисташ байарна а, низамаш хьоьшуш дозанал чу-ара яларна а.

Кху шеран Стигалкъекъа-баттахь Оьрсийчоьнан Iедало хийцира Савченко шайн Украинехь кхеле озийначу шина спецназан эскархочух.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG