ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Докудаев: Вайна юкъахь барт бац!


Германехь а, Белгехь а, Австрехь а ирчачу талоршца криминалан хроникийн могIаршка кхаьчна болу нохчийн мухIажарш ишттачу къизалле берзар стенца доьзна ду-те боху хаттар кхолладелла дуккхаъчу нахехь.

Кху гуьйранна Европерчу масех пачхьалкхахь нохчийн къомах болу нах декъа а болуш цхьа могIа къиза а, ирча а хиламашца гIарйелира Европехь бехачу вайнехан диаспора. Белгехь вовшийн карах велира ши стаг.

Германехь корехула шен хIусамнана, шен деа беран нана ара а кхоьссина, юха цул тIаьхьа урс тоьхна иза йийра цхьана стага. Австрехь набахте воьллина ши къона нохчо, цхьана меттигерчу 15 шо долчу кхиазхочунна етта а йитина, иза лоьрийн цIийна кхачийна, ткъа и шайн „хьуьнарш“ тIехула тIе массарна а гайта видео а яьккхина, интернетехь дIаоьхьна волу.

Йоццачу хенахь сел дукха и тайпа нохчийн къомахь болу нах декъа а болуш къизаллин акташ гIарйовларо хаттар кхоьллина цIахь а, арахь а бехачу вайнахалахь – мичара яьлла и дералла адамашлахь?

Муха, маца дуьйна ду вайн къомах долу бераш а, вайн къомах болу гIеметтахIиттинарш а и акхачу къизаллин хIу шайца лелош? Ткъа коьртаниг – хIун ду вайн къоман цу маьттазчу цамгарна дуьхьал даккха, муха сацон йиш ю къоман дегIан чалх оцу кепарчу талхарх?

Европехь карарчу хенахь тайп-тайпанчу хьостанашца, мел кIезга а, 300 эзар нохчийн къомах ларалуш болу нах беха.

Царех уггаре а хьалхехь баьхкинарш а 16-77 шо хьалха бен кхаьчна бац Малхбузе. Амма йоцачу хенахь Европерчу Iедалхойн къепедацарш лелочийн досьешкахь а, меттигерчу набахтешкахь а цхьа йоккха меттиг дIалаьцна вайнаха.

Юхьенца, нохчийн мухIажарш Малхбузе иха буьйлабеллачу муьрехь, хийла хезара наха вовшашлахь дуьйцуш, Европехь кхиинчу нохчийн кегирхоша, хаза йигахь деша а дешна, цигахь белхан корматаллаш а Iамийна, кхиинчу юкъараллашкахь наха хIун леладо а гина болчу, юхаметтахIоттор бу вайн тIемаша хIаллакбина мохк, цара ерзор ю оьрсийн эскарийн къизалло йина чевнаш а, олий.

Амма пхийттех шо цул тIаьхьа даьлча гуш долу сурт нийса бIостанехьарниг ду – дешарна, говзаллаш Iаморна метта Европехь кхуьуш долу нохчийн бераш, аьлча а, церан цхьа доккха дакъа богIу-боьлхучу нахера мобилан телефонаш схьаяьхна я кега-мерза жоьлгаллаш лелийна, аьлча а, цхьаьна заманчохь шайн дай уггаре а ца баьшна хилла долу куталш лелорна Малхбузера набахтеш юзуш бу.

Де дийне мел долу и хьал кхин а кIарглуш а ду.

Ткъа хIун хила там ду цуьнан бахьана? Нохчийн къомо хIинцачул масех шо хьалха а тIаьхьа Европехь кхуьучу кегирхошца боьзна хилла сатийсамаш сел сиха догмовлалле берзар стенца доьзна хила мега?

Малхбузерчу нохчийн къанойн кхеташонан декъашхо волчу Докудаев Ахьмадна цу кIоршамечу хиламан бахьана тIеман ачонехь го. Къоманна тIехь латтийначу къизалло адамаш цомгуш дина аьлла хета цунна.

Цхьа а стаг вац вайх и бала шех хьакхабаланза

Докудаев:15 шо хьалха вайн къомо кху дуьнено а магийна йолу, АллахI Дала а магийна йолу шен бакъо схьаэхар бен, шена маршо еза къомо алар бен кхин цхьа а бехк а боцуш вайна тIехь мостагIчо йинчу къизалла ю аьлла хета суна вайн къам цомгуш динарг.

Оцу мостагIчо тахана кху дуьнентIехь лелош дерг вайна гуш ду, цо Шемахь деш дерг а гуш ду. Къематан де деара цу мостагIчо вайн къоме. Цхьа а стаг вац вайх и бала шех хьакхабаланза. Цундела тахана вайн нехан нерваш а талхийна, дегнаш а талхийна. Цамгарш ду вайн къомаца и бахьана долуш“.

Амма тIеман тIаьхьалонаш хилла а ца Iа нохчийн къомах цуьнан карарчу этапехь кхеттачу лазаран орамехь боху Докудаевс. Кхин цхьа деза бахьана нохчашлара барт дIабалар ду.

Докудаев Ахьмад
Докудаев Ахьмад

Вайна юкъахь барт бац

Докудаев: „ШозлагIа долу бакъдерг – барт бу вайн бохийна. 2-3 стаг вовшакхеттачехь барт бац вайн, оцу мостагIчо вайна юккъехь питанаш лелор бахьана долуш.

Вай вовше хьийзош ду, вовшийн пусар деш дац вац, вай вовше дойъуш ду. Оцу мостагIчо бина Iаткъам бахьана долуш ду иза.

Нохчийн къоман гIиллакхашца догIуш а, вайн къоман Iадаташца догIуш а доцуш, Дела реза воцуш а хIумнаш ду-кх уьш. Вайн барт ца хиларо а, тIамо бинчу тIеIаткъамо а хIоттийна вайгахь и хьал аьлла хеташ ву со“.

Нохчашна тIехь дуккхаъчу шерашкахь латтийна ницкъ бар, Докудаев Ахьмада ма-аллара, лар йоцуш дIадолийла дацара.

Дуьненчохь кхечу тIемаш хиллачу меттигийн масалаш ма-гайтара, оцу кепара йоцачу ханна оцу кепара готтачу меттехь, оцу кепара юькъа къизалла цуьнан закъалташна цхьана агIор синан лоьраша дарба дина.

Я царна динчун куьг бехке верг жоьпе озоро царна цхьа моралан тоам бина ца хилча, юьйлина, мичча хенахь яла кийча топ санна, кхераме йоьрзу.

Шайна хиллачу гIелонна дуьхьал синан дарба лахар, хууш ма-хиллара, вайнехан Iадатехь дац, къаьстина боьршачу нахалахь.

Ткъа царна тIехь йинчу харцонан дай жоьпе озор, хетарехь, генахь ду.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG