ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Даржаш дIасадоькъуш ву Трамп


Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн Конгрессан векалийн Палатин декъашхочо Рорабакер Дана, Калифорнин республиканхочо Твиттерехь хаийтина, Трамп Доналда госсекретаран дарже шен кандидатура къастош хилар.

Дуккха а шерашкахь президент Рейган Роналд волчу заманчохь спичрайтер болх бина ву иза. Карарчу хенахь Европехула, Евразехула къаьмнийн гIуллакхашкахула Конгрессан лахарчу палатин комитетан куьйгаллехь ву Рорабакер. 1988-чу шарахь хаьржина иза Iамеркан Конгрессе. Трампан боллу хьежамаш бу политикехь Рорабакеран а.

«Ал-Къайда», «Исламан пачхьалкх» шех олу тобанаш цкъа а барт хир боцу мостагIий хетар, иштта Оьрсийчоьнца цхьаьна исламан терроризмаца къийсам латторехь юкъарлонаш лело лаар а.

ХIинццалц, Iамеркан дипломатин куьйгалле хIотто хьакъ волчу шиннан цIе яра шуьйрра йийцареш, Массачусетсан хилла губернатор Ромни Миттан а, Нью-Йоркан мэран даржехь лаьттинчу Джулиани Рудольфан а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG