ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийн ТВЦ телегойтило гIуда текхна Полшин журналистна


Полшин журналист Мацейчук Томаш

Полшин журналист Мацейчук Томаш

«Доджь» телеканална еллачу интервьюхь Полшин журналисто Мацейчук Томаша хаамбина, оьрсийн ТВЦ телегойтийло йоьдучу «Бакъонан аз» эфирехь шена бетах тIара тохарна 50 эзар сом даларх. Лахьан беттан юьххьехь, эфир йоьдучу юкъанна Мацейчука, оьрсий боьхаллехь бехаш бу аьлла эккхийтинера.

Программа дIахьочу Бабаян Романа кIоршаме тIедожийра цунна студичуьра аравалар. Ткъа Одессан депутато Маркин Игора бетах тIара тоьхнера Мацейчукна. ТIаьхьо шегара даьллачунна гечдар дийхира Полшин журналисто. «Дождь» телеканалца къамелехь журналисто даредина, ша дохковалар, ала цадогIург аларна.

Собар ца тоьара шена, ша Оьрсийчу ког билличхьана масо агIор шега сийсазе ден къамелаш бахьанехь аьлла журналисто Мацейчук Томаша.

XS
SM
MD
LG