ТIекхочийла долу линкаш

Киевехь кхел йолаелла, тешалладеш мехкан президентан хилла Янукович Виктор а волуш. 2014 шеран Iай лерринчу ницкъийн «Беркут» декъо Евромайданехь 48 стаг вер толлуш ю кхел. Тоьшалла дан Янукович вахана Оьрсийчуьрчу Ростов мехкан кхелан цIийне, цигара видеозIенехь до цо Киевца къамел.

Майданехь нахана тIе герзаш тохар – «Iедал карчорхьама леррина кечйина операци яра» элира Януковича кхеле. Цо «Агрессин тIамна неIарш йиллира», Украинан суверенитет йохийра, ша Оьрсийчоьне Януковича шен махканна ямартло йинийла хоуьйтуш кехат дахьийтина, дIахьедира кхелехь Украинан инарла прокуроро Луценко Юрийс. Януковична бехкедо цо леринчу ницкъашна нахана тIе герз тоха омрадар.

XS
SM
MD
LG