ТIекхочийла долу линкаш

Чернобылерчу зарратан реакторна тIе керла турс тиллина


Шинарийдийнахь Чернобылерчу зарратан станцехь 1986-чу шарахь иккхина хиллачу 4-чу реакторна тIе аьчка турс тиллина. Бетонах а лаьтташ, юхуш йоллучу чIагIонан метта хIоттийна и дуьненахь уггаре йоккха аьчка конструкци. 108 метр лекха а, 1,6 миллиард доллар мах болуш а ю Европан Берто йина и гIишло.

Мохкбегор а, муьлха а кхиболу хьовзам а ловр болуш ю конструкци. 30 шо хьалха станцин дакъа иккхича лаьцначу зарратах велира 4000 стаг. Greenpeace юкъаралло далочу терахьашца, зулам а хилла верриг а велларг вара 100 000.

XS
SM
MD
LG