ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Улюкаевх мукъадаьллачу дарже хIоттийна Орешкин


«Интерфаксо» бечу хаамца, Оьрсийчоьнан экономика кхиоран министран дарже хIоттийна президенто Путин Владимира финансийн министран гIовс Iийна Орешкин Максим. 34 шо ду Орешкинан. Шегахь хIинццалц лаьттинчу дарже кхачале цо бох бина Юкъарчу Банкехь (ЦБ).

Кххарийдийнахь цуьнца къамелдеш, Путина «дика болхахо ву» элира цунах лаьцна.

Ши кIира дара, кхаъ бехарна Талламан комитето бехкевеш хиларна, экономика кхиоран министран даржера Улюкаев Алексей, дIаваьккхина. (Улюкаевс бакъ ца до ша кхаъ бехна бохург).

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG