ТIекхочийла долу линкаш

Хьан гергарчо стаг вийнехь, я кхин зулам динехь, берриг а доьзало, гергарчара жоп далар дайшкара дуьйна схьадогIуш а, тахана лела торуш а ламаст ду аьлла Кадыров Рамзана прессехь. ЧIирах, лураллех юкъараллехь хетарг.

Советан заманахь Кавказерчу мехкашкахь, кхечу пачхьалкхашца дуьстича, кIезиг нислора вер-ваккхаран, Iотта-баккхаман хиламаш.

Дайн дийцаршка ладоьгIча, хIетахь "хьалха хьаьжна бен ког ца боккхуш, тIаьхьа хьаьжна бен дош ца олуш" къонахийн зама яра.

Ур-атталла, шен багара даьллачух а ша жоп дала декхаре вуйла хууш, ша доллу тайп-тукхманна, тIаьхьарчу тIаьхьенна бале долу дерг ца долуьйтуш, ларлуш хилла уьш.

Нагахь санна, луралла тIедужуш меттиг нислахь, Дагестанан а, Нохчийчоьнан а хIора кIоштахь кхоьллина тобанаш хилла, оцу юьртахь лоручу, дош лелачу гIеметтахIиттинчу нахах. Цара маслаIат дой, катуххий дижош хилла иккхина дов.

Iедал керчинчул тIаьхьа, юьйхира къанойн кхеташонаш а. Церан болх сацаран бахьана дацара, адамашлахь къинхетам сов а баьлла, къизаллаш лелор юкъара даларца.

Тахана а хеза, цхьаццанхьара схьа «вийна-ваьккхина» олуш. Бахьанаш кеп-кепара хуьлу: политикан хьежамаш цхьаьна цабар, дош дашера далар, тIехтохам бар, латтанаш къовсар и кх.дI.

Амма кхи а кIезиг хеза нахалахь, «хьенеха чIирхочунна бекхам бина» олуш…

Кавказехь чIир екъар дац шираллах бухадисинарг. Амма и ламаст шо шаре дуьтуш, бIешерийн херцаршлахь дуьсуш ду.

Ширчу заманахь шен бух а болуш, кавказхошлахь лелла Iадат, мехкаш Россин империн карадахча, дайша ма аллара «гIумкийн вордана хиича, гIумкийн илла ала дезарна, мел а дита дийзира.

Оьрсийчоьнан низамаша ма хьоьхху дийзира Iен а, ваха а.

Делахь а, нохчашлахь а, гIалгIашлахь а и дIахIоьттина даьлла чIир кхайкхоран, луралла тIелацаран Iадаташ кхачо йоллуш юкъардаха ницкъ ца тоьана я Соетан Iедалан а, я йоккхачу пачхьалкхан Оьрсийчоьнан а, я къаьмнашна тIехь репрессеш лелоро.

Хан-зама яларх тIера йолуш цахилла чIир. Бекхам беш хилла шайн стаг верах 50 я 100 шо далахь а.

Геч ца до, нагахь санна куьйгбехкениг цхьана кхечу бахьанашца кхалхарх а.

ТIаккха луралла тIедужуш хилла, Iадатца догIуш, зуламхочун гергарчарна, хуьлийла иза ваша, вешин кIант, шича, кIентан кIант.

Дов шерашка ца долуьйтуш къастош хилла вайнаха. Шайн тIаьхьарчу тIаьхьенна гIайгIа-бала а ца беш, уьш маьрша бахийтархьама, кавказхоша сихаллехь чIир оьцуш хилла я маслаIатца дерзош.

Имам Шемалан заманахь чIир эцарца долчу Iадатехь жимма хийцамаш бинера. ХIетахь, шайн вийначу стагна дуьхьал вен кхачориг шаьш къастош хилла вуон деанчара.

Оцу тептарехь хилла лурвоьллачун дехула болу уллера гергарнаш.

Нагахь санна, юьртахь, махкахь лоруш воцуш, нахана дош цахетачо шайн стаг вийнехь, цунна дуьхьал диканехь-вонехь а волуш, махкахь а цIе йоккхуш волу зуламхочун ваша вуьйш хилла.

ЧIир кхайкхоран дакъа оцу куьйгбехкечунна шена кхаьчна ца Iаш, юьртарчу нахана а дазлуш хилла. Цунах лаьцна шен «Лурвоьллачу стеган илли» байта тIехь Дикаев Мохьмада:

Лаьхьанах таръелла,

ЧIир юьртах хьаьрчича,

Вовшашца гамлора,

БIарзделла адамаш

Вовшашна дIовш деттий,

Хеназа къежлора.

Карарчу беттан юьххьехь Москох Дагестанера схьаваьлла гоьваьлла спортхо, 33 шо долу Джабраилов Жабраил вийна, тапча йиттина, гал а бевлла, шаьш вен леринчуьнан метта.

Зуламхо кхело лаьцна, дIахьош талламаш бу.

Соьлж-ГIаларчу, Маршо Радиоца къамеле ваьллачу Умаев Аданин йоI яхана нуц хилла и вийнарг. Цундела, лаа дацара тхан цуьнга хеттарш дар. ЧIир кхайкхорах, лураллех дехха къамел хилира тхан.

Соьга гечдалур дацара

Умаев: «Маларх кхетта, машентIе хиина, дуьнеан синкъерам хьалха а баьккхина, тоьхна доьзалхо вийча, соьга гечдалур дацара. ЧIир йогIу цу стагна!

Хазахета герз даьккхина, куралла кхоьсина стаг вийча, и чIирана вогIу аьлла хета суна.

ХIора стага шех дуьстина, шен сих чекхадаьккхича бен хуур дац цунна, сингаттам мел бу. Доьзал веза а везаш, валарна а кхоьруш кхиош ву, цомгуш хиларна кхоьруш, мацваларна кхоьруш, хазахета цхьана стаго и вийча, оцу вийначун къа стенга даха деза, и волчуьн къа стенга даха деза...»

Хьалхо ма аллара, зуламхо жоьпе озо хан тIехтуьлуш янне а яц дайн Iадаташца.

Масала, масех шо хьалха, Нохчийчохь меттигерчу куьгалло Динан урхаллехь кхоьллинчу маслаIатан тобано дерзийна маслаIатца 70 шарахь лаьттина шина тайпанна юккъера дов.

Facebook Forum

XS
SM
MD
LG