ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путин: кхаа ражехь болхбен школаш хуьлийла дац


Оьрсийчохь хуьлийла дац дийнахь кхаа рогIехь болх бен школаш, лаххара а ши рагI бен хила йиш яц, дIахьедина президенто Путин Владимира. Иза хьакхало лаххара а кхаа регионах – бераш кхаа рогIехь доьшучу Дагестанах, ГIалгIайчоьнах, Нохчийчоьнах.

Масала, Дагестанерчу 1450 школах 700 ю шина рогIехь болхбеш,16 – кхаа рогIехь. Нохчийчохь 20 ю бераш кхаа рогIехь доьшу школаш. Федералан кхеташоне дIахьедар деш элира оцу хьокъехь Путина еарийдийнахь.

«Массанхьа а хила еза кхузаманан хьелаш долу школаш. Йоьхна, тиша, хьелаш доцу школаш хуьлийла дац», - аьлла президенто. ДIахьедар зорбанедаьлла Оьрсийчоьнан президентан сайтехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG