ТIекхочийла долу линкаш

Мехкадаьтта доккхуш а, духкуш а йолчу пачхьалкхийн цхьаьнакхетараллин, вуьшта аьлча, ОПЕК тобан декъа йолчу мехкийн саммит Венехь Лахьан-беттан 30-чохь йолаялле дуьйна яккхийчу дискуссешца йийцаре еш яра.

ХIора эха шарахь вовшахкхеташ йолу ОПЕКан декъашхой-пачхьалкхаш хIинцалца тIаьхьарчу бIархI шарчохь мехкадаьтта даккхаран барамаш лахбан барт ца хуьлуш дIасакъаьстара. Цу барамех бозуш болу мехкадаьттан мах цу шина шарчохь лахлуш схьабогIуш бара, уггаре а хьалха мехкдаьтта дохкарх долу ахча мехкан бюджетан бух болчу пачхьалкхашна, шайна юккъехь Оьрсийчоь а йолуш, даккхий зенаш а хуьлуш.

Кхаари Iуьйранна йолаелла йолчу саммитан хьалхара дакъа цхьаьнакхеттачеран барт ца хуьлуш, цхьа а жамI доцуш дирзира. Амма делкъана садаьIначул тIаьхьа шозлагIчу гонехь дагадовларш дIадаьхьначу ОПЕКан декъашхойн сацам хилира, тIебогIучу ялх баттахь доккхучу мехкадаьттин барам денний-буьйсанний чохь 32, 5 миллион барреле кхаччалца лахбан. И бохург ду хIинцалца схьа хиллачул 1,2 миллион баррел кIезгох и сурсат доккхур ду бохург.

Саммитан декъашхоша тIеэцна болу сацам шех „Iаьржа деши“ олучу мехкадаьттан мах сихонца хьалабаккха таро луш хила там бу. Цул совнаха, хIинцалц схьа итт-ткъа центна, я, мел дукха а, цхьаъ-шиъ долларна и мах хьалаоьккхуш хиллехь, хIинца иза, болушехь, ялх-ворхI долларна хьалабала сахьт дац, баррелах 60 долларал сов а эккхаш.

Мел кIезиг а, иштта дIахьедар дира журналисташка цу цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш хиллачу Венесуэлин мехкадаьттан гIуллакхийн министр волчу Эулохио дель Пинос.

Шен рогIехь ГIажарийчоьнан мехкадаьттан министро Зангане Намдара – цуьнан дешнаш Блумберг агенталло дахкадо – элира, шена хетарехь, цу сурсатан мах 50 долларал сов хир бу аьлла. Цуьнан бахьана ОПЕКан сацамехь дац, министрана хетарехь, дуьненчохь хIоттаделла хьал ду.

Кхузахь хьахон догIу, Оьрсийчоь дуьненчохь уггаре а алсамох мехкадаьтта доккхуш а, духкуш а йолчу пачхьалкхийн могIаршлахь хилла ца Iаш, шен бюджет цу сурсатан мехах вуно чIогIа йозучех цхьаъ а хилар. Иштта, нагахь санна ГIирмин аннекси бахьана долуш Малхбузено шена дуьхьал санкцеш яхале цу пачхьалкхан бюджет мехкадаьттин мах 70 доллар барелах хир болчу барамца кхоьллина яра.

Цул тIаьхьа мехкадаьтта дикка лахдаларца доьзна тIедоьгIучу 2017-чу шеран бюджет мехкадаьттах 40 доллар бен ца лахь а аьлла чот тоьхна кхоьллина ю.

Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира хьастагIа ОПЕК цхьаьнакхетараллин саммит а, мехкадаьттин барамаш а хьахийначехь элира, карарчу хенахь дуьненчохь мехкадаьттах луш болу мах Оьрсийчоьнна мегаш бу, амма иза нийсонца хIоттийна мах-м бац, аьлла. Ткъа тергамхоша бахарехь, Оьрсийчоьнна шен экономика хоршехь латто оьшуш болу минималан мах 69 доллар барелах бу.

69 доллар барелах цкъачунна луш дацахь а, амма кхаари дийнахь Венерчу саммитехь мехкадаьтта доккхуш, оьцуш йолчу пачхьалкхийн иза кIезгох даккха сацам хиллийла гIардолушехь цу сурсатан мах базбала болабелла. Карарчу хенахь Лондонерчу йохкаршкахь цунах 49,90 доллар лора.

Facebook Forum

XS
SM
MD
LG