ТIекхочийла долу линкаш

Нохчашлахь папараццин ун даржарх, оьздангаллин гурашкара кегийнах бовларх, замано са дахьарх а.

Хьанна моьттура ахбIешо хьалха юкъадаьллачу «папарацци» дешан лар Нохчийчу а кхочур ю.

ХIетахь Италин гоьваьллачу кинорежиссеран Феллини Федерикон «Мерза дахар» кинохь коьрта турпалхочун лар лаьцна леллачу къоначу фотографан цIе хилла Папараццо.

Италхойн матте даьккхичу оцу дешан маьIна хуьлу «тIаьхьара ца йолу чуьрк».

Хьан цIий мелла паргIат ца йолуш я тIехьийзачуьра а ца соцуш.

Малхбухехь шоу-бизнесан артисташна, паччахьийн доьзалшна, политикашна тIаьхьа а бевлла, нах цецбоху, шайгахь бен, цхьанхьа а хила йиш йоцу, къайлах суьрташ даха Iалашонца лела папарацци.

Шайн и лаам кхочушбархьама цара хIуъа а леладо, питанаш, хIилланаш, харцонаш, хьарамлонаш.

Ткъа и сенсацин суьрташ популяре журналашна а, газеташна а духку цара цIен дешин мехах.

Цкъа делахь, кхеташ ду, кху тIаьххьарчу заманчохь ахча, бохча, дуьненан рицкъ хьалха а даьккхина, олуш ма хиллара «веллачунна тIера марчо а доккхур долчу» наха соьман дуьхьа хIуъа а деш хиларна.

Ткъа цакхетарг ду, и ун Нохчийчу кхачар. Кегийрхошлахь, баккхийчара ма аллара, «оьздангаллин хьаса» а боцуш нах хилар.

Шайн йишин ойла а ца еш, шайх чекх ца доккхуш, нехан зудаберана тIехь хIуъа а кхолла а, лело а уьш хьуьнаре хилар.

Шина кепекана хуьлуш мах а боцуш, къайлах зудаберийн суьрташ а дохуш, шайн телефонашца, юха кхана-лама уьш социалан машанашкахь даржор.

Къаьсттина, Инстаграмехь болх бо нохчийн, аьр вай, мобилан папараццино.

Масала, зудаберийн тоба ю Соьлж-ГIалин майданарчу гIентахь хевшина Iаш. Царех цхьаммо гоьлтIе ког баккхаро, настарш гучуяьхна. ТIехволучу къонахчо, къайлах даьккхина сурт, ша бинчу белхах воккха а вуьйш, Интерннетехь даржийна.

Оцу суьрта бухахь воьдучо-вогIучо шена-шена хетарг яздеш, бехкаш дохку йоIана, иштта «маьттаза» охьахаарна цхьаболучара, «бовла нах бац хьан» бохуш, бехкаш а дохуш вукхара.

И йоI сийсазъечарна коьрте ца догIу, и сурт, цо шен лаамехь даккхийтина цахила мегара аьлла. Хьекъал ца тоьа ойла ян, нагахь санна, цу йоьIан вешина я дена и сурт гахь, тIаьхьало хила мегара аьлла.

ШолгIа сурт. Юькъачу автобусахь охьахаа меттиг ца тоьана, ирахь, халла лаьтта кхи йоI.

ХIотта бух, лаца тIам боцуш халла цхьана когатIехь лаьттачу цьнан, оцу готталехь тIехула йоьхначу жакетан тIемаш дIа-схьа а дахана, дегIан меженаш къаьсташ ю.

Оцу хьолехь йоьдучу йоьIан сурт а даьккхина, катоьхна Инстаграме диллина цхьаммо.

Яппарш еш, аьшнаш йо и йоI а. «Ма тайна ю хьо», «ма нисъелла ю хьо», «мичахь карор яра хьо» бохуш, товш мел доцурш яздо суьртан бухахь.

Хьенан бу те бехк вайн кегийнах ледарабовларан? Я ден-ненан, шайн доьзал кхетош-кхиорехь архаш малъярна, я Инстаграман, Фейсбукан долахо Цукерберг Марк?

Дуккха а кеп-кепара нохчаша къайлах яьхна видеош ю Ютюбехь.

Шен яххьаш къайла а йохуш, ша хьул а луш, бехбо цара мехкарий.

Ца йо цара ойла, шаьш бинчу белхан тIаьхье еха хир юйла, оцу зудаберан вала да вуйла а, кхана- лама ша жоьпе озор вуйла а, нахана даьккхинчу орчу ша вужий а.

Ша сийсазйийриг, нахала йоккхург цхьаннан йиша, йоI хиларал совнаха, уггар хьалха шен къомах схьаяьлла, массо а заманчохь уггар мехал хетта йоI, зуда, нана юйла.

«КIентан яхь яйна а, йоьIан эхь дайна а, де ма гойла вайна» бохуш ваьгначу поэта аьлларг ца хилла.

Facebook Forum

XS
SM
MD
LG