ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчуьрчу набахтешкара кест-кеста аьрзнаш даьржа, тутмакхашна етта, олий.

Президентан цIарх адамийн бакъонийн тергоечу Иркутскерчу векало Лукин Валерийс шен сайтехь даржийна, Ангарскерчу № 6 набахтехь шайна йиттина аьлла кхаа тутмакхо дина арз толлуьйтуш ву ша, аьлла.

Оренбург-махкарчу Новотроицкерчу № 3 набахтехь къизалла латтайо чохьбохкучу нахана, аьлла, даржийна «Медуза» портало.

Карелерчу Сегежа-гIаларчу № 7 набахтера а баьржа и тайпа хаамаш.

Бакъоларъярхой гIерта карарчу хенахь и хаамаш талла. Амма цкъачунна низамхоша бакъбеш ца нисделла и тайпа хаамаш.

XS
SM
MD
LG